Ненан матто ларъеш ю къоман башхалла

Россин Федерацин Президента Путин Владимира ГIебартойн-Балкхаройн пачхьенехь Нальчикехь дIаяьхьира къамнийн юкъаметтигашкахула йолчу Советан кхеташо. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

Оцу кхеташонах лаьцна дуьйцучу хенахь Ахьмад-Хьаьжин Рамзана билгалдаьккхина пачхьалкхан Куьйгалхочо цигахь дийцаре дан юкъадаьхна хилларш Iаламат чIогIа мехала гIуллакхаш хилла хилар.

Уьш доьзна ду юкъараллехь барт чIагIбарца, культура кхиорца, кегийрхойн гIолацарца, миграцин политика тоеш-карлаяккхарца, терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторца.

«Путина къаьмнийн юкъаметтигийн дакъа стеган могашаллица дуьстира. Мехкан Куьйгалхочо дагадаийтира цо хаддаза шен терго а, гIайгIабар а лоьхуш хилар. Владимир Владимировича регионашка дийхира и гIуллакх къаьсттинчу тергонехь латтор. Суна чIогIа товш ду нохчийчохь дуккха а къаьмнийн векалш бертахь а, цхьааллехь а бехаш хилар. Царах хуьлуш бу боккха а, бертахь а доьзал. Республикехь цхьа къовсам ца хилла дин я къам бахьана долуш», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цо, иштта, тидам тIебахийтира Нальчикехь хиллачу кхеташонехь халкъан кхоллараллин «Бенара бIаьсте» фестиваль проектан лаккхара мах хадийна хиларна.

«Цо мехала маьIна леладо къаьмнийн цхьаалла а, барт а чIагIбарехь, вайн культурийн мехаллаш йовзийтарехь. Владимир Владимировича чIагIдира кхеташонехь дийцаре динарг кхочушдаран декъера гIуллакхаш. Ша аьлча, 2022-гIа шо Россин халкъийн искусствон а, культурин материальни йоцчу тIаьхьалонийн а шо ду аьлла, дIакхайкхийра», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

Хууш ма-хиллара культура кхиор, гIиллакхаш марздар дIахьойла дац ненан мотт кхиорца, цуьнга марзо кхолларца цхьаьна бен. Цундела Кадыров Рамзана боккха тидам тIебохьуьйту ненан мотт кхиорна, иза марзбарна, баржорна.

Цундела ларамаза дацара Нальчикехь дIаяьхьначу кхеташонехь Россин серлонан министра О.Васильевас Нохчийчоьно профилийн хьехархой кечбарехь махкахь тоьллачех цхьа меттиг дIалоцуш хилар билгалдаккхар.

«Со тешна ву, ненан мотт Iалашбарх вайн боккхачу махкара хIора а халкъан башхалла Iалашъяр доьзна хиларх. Нохчийчохь къаьсттина тидам тIебохуьйту ненан мотт баржорна, Нохчийн мотт а, йоза а кхиоран а, цуьнан гIолацаран а программаш ю кечйина. Нохчийчоьнан Куьйгалхо волчохь кхоьллина Экспертийн Совет ю. Цуьнан коьртачу декхарех цхьаъ ду нохчийн мотт кхидIа а кхиор, и марзбар. Цу юкъабогIу цIеяххана Iилманчаш, яздархой, журналисташ, юкъараллин гIуллакххой», – яздина Р.Кадыровс.

Д.АНАДЕВ
№92, гIуран (декабрь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: