Сийлахьчу РаббиIул-Аввал баттахь вайн яртийн а, гIалийн а урамашкахь дIайиттина яра Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш тIехь долу баннерш. Къаьсттина воккхаве уьш нохчийн маттахь хиларх.
Воккха муха вийр вац Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш нохчийн маттахь дешча.
Дела реза хуьлда и болх бан дагадеанчунна а, и болх биначунна а!
Делахь а, и воккхавер мелла а кхоладо, чомах талхадо оцу хьадисашкахь гIалаташ нисдаларо. Масала, даима а дукха адамаш а, машенаш а лелаш болчу Соьлжа-ГIаларчу С.Лорсановн урамехь, махлелоран «Беркат» туьшана дуьхьал йолчу керта тIе тоьхначу баннера тIехь пхи гIалат дара цхьана хьадисехь: «Суна цхьаъ салават дилланчуна, АллахIа совгIатна итт дика дийра ду цуна!» Нийса яздича, иштта хила дезара: «Суна цхьа салават диллинчунна, АллахIа совгIатна итт дика дийр ду!».
Цу тайпана гIалаташ хир дацара хуучуьнга вай хоттуш делахьара, вовшах дагадовлуш делахьара. Хаттар эхь ма дац. Мелхо а вайн дайша хьекъал ма-лерина хаттар.
Нохчийн мотт вайн массеран юкъара хазна ю. Цундела, вайн ницкъ ма-кхоччу, иза цIена латто а, Iалашъян а еза вай.
Дала хьекъал а, кхетам а, собар а лойла вайна вешан ненан мотт Iалашбан а, кхио а, тIаьхьенашна марзбан а!
С-Хь.Дадаев, моттбезархо
№92, гIуран (декабрь) беттан 3 де, 2019 шо