Гуьржийчоьнан дозанца йолчу кӀошташкахь туризман маршруташ схьайоьллур ю герггарчу хенахь. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца Кхерамазаллин федеральни службин (ФСБ) Нохчийн Республикехула йолчу Дозанан урхаллин хьаькамца Труханов Евгенийца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь Даудов Мохьмада дийцаре дира дозанца йолчу кӀошташкахь Нохчийн Республикин Ӏедалан кхочушдаран органаша а, дозанхоша а цхьаьнаболхбаран а, дозанхоша урхалла дечу меттигашкарчу туризман а, архитектурин а, историн а тӀаьхьалонан комплексашка вахар-вар аттачу даккхаран а гӀуллакхаш.
Кхерамазаллин федеральни службин республикехула йолчу Дозанан урхаллин хьаькама Труханов Евгенийс хаийтира Даудов Мохьмада дуьйцучух ша тIехдика кхеташ а, цо дуьйцург мехала гIуллакх хилар а, оцу декъехь, бахархошна а, хьешашна а, туристашна а лакхахь юьйцучу комплексашка бахар-бахкар аттачу даккхарна, герггарчу хенахь кечамаш бийриг хилар а.
Нохчийн Республикин коьртачу дозанхочо аьллачунна тIе а тийжаш, тIедогIучу шарахь республике а, цуьнан лаьмнашкарчу кIошташка а богIучу хьешийн а, туристийн а барам дуккха а лакхабериг хиларх а, иштта, чоьхьара туризм кхиорна оцу балхо тIеIаткъм бийриг хиларх а ша тешна хилар хаийтира Нохчийн Республикин Парламентан спикера.
Билгалдаккха догӀу 2020-гӀа шо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дӀадолорца республикехь Туризман шо ду аьлла, дӀакхайкхийна хилар.
Дагадоуьйту луларчу Гуьржийчоьнца доза долуш Шаройн а, Итон-Кхаьллан а, ТӀехьа-Мартан а кӀошташ хилар.
И.АДАМОВ
№93, гIуран (декабрь) беттан 6 де, 2019 шо