Республикин бахархой 360 юьртахь а, 15 кIоштахь а, 6 гIалахь а беха

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан №168 (03.12.19 шо) йолчу Указа тIеэцна Ночийн Республикин чоьхьарчу дIахIоттаман (екъаяларан) реестр.

Цуьнца нийса а догIуш, билгалдаьккхина республикехь 15 кIошт а, 6 гIала а, гIаланашкахь 4 кIошт а, иштта, 360 юрт а, кIотар а хилар.

Лакхахь билгалъяьккхинчу 6 гIаланах 3 республикин тIегIанера ю – Устрада-ГIала, Соьлжа-ГIала, Гуьмсе, ткъа йисина 3 – кIоштийн тIегIанера – Шела, Хьалха-Марта, Курчалой.

Оцу 6 гIаланах 2 гIалин округ ю: Соьлжа-ГIала а, Устрада-ГIала а. Соьлжа-ГIалин округана юкъайогIу ша Соьлжа-ГIала а, Гикало а, Шинасуьйра-Юкъ, ткъа Устрада-ГIалин округана – Устрада-ГIала, Чечана, Примыкани, БердкIел.

Цул сов, оцу 6 гIаланах 1 – Соьлжа-ГIала кIошташка екъалуш а ю: Старопромысловски, Ленински, Октябрьски, Заводски.

  • ТIехьа-Мартан кIоштана юкъа 17 юрт йогIу.
  • Веданан кIоштана юкъа 19 юрт а, 31 кIотар а йогIу.
  • Грозненски кIоштана юкъа 15 юрт а, 12 кIотар а йогIу.
  • Гуьмсан кIоштана юкъа 20 юрт йогIу.
  • Итон-Кхаьллан кIоштана юкъа 13 юрт а, 18 кIотар а йогIу.
  • Курчалойн кIоштана юкъа 1 гIала а, 13 юрт а, 7 кIотар а йогIу.
  • Теркан кIоштана юкъа 12 юрт а, 1 кIотар а йогIу.
  • Невран кIоштана юкъа 14 юрт а, 15 кIотар а йогIу.
  • Нажи-Юьртан кIоштана юкъа 22 юрт а, 31 кIотар а йогIу.
  • Эна-Хишкан (Соьлжан) кIоштана юкъа 3 юрт йогIу.
  • Хьалха-Мартан кIоштана юкъа 1 гIала а, 12 юрт а, 2 кIотар а йогIу.
  • Шелан кIоштана юкъа 1 гIала а, 9 юрт а йогIу.
  • Шаройн кIоштана юкъа 11 юрт йогIу.
  • Шуьйтан кIоштана юкъа 19 юрт а, 19 кIотар а йогIу.
  • Шелковски кIоштана юкъа 19 юрт а, 6 кIотар а йогIу.

И.ИСЛАМОВ
№93, гIуран (декабрь) беттан 6 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: