Нана! ХIун ду цул хьоме а, деза а? Кхерчан йовхо латториг а, бовха кхача бийриг а, берийн Iуналла дийриг а нана ю! Нанас шена тоьхча а, нене кхойкху бер. Ненан оьгIазло сиха еша. Лаа олуш дац: «Ялсамани ненан когаш кIел ю!».
Сан могIанийн турпалхо а нана ю. Шелан яхархо Джигирханова Зарет ю иза. Шайн дас Халиев Жуккас а, нанас Замас а гIиллакх-оьздангаллица Iамийна иза. 1980-чу шарахь, шайн юьртарчу ДжигирхановгIеран Сайд-Ахьмадан а, Маржанан а (хIинца доцуш ду и шиъ) нус хилира цунах.

Марда Iеламстаг вара. Доьзал Дала ма-бохху кхиор дара Сайд-Ахьмада шен кIенташка а, несаршка а доьхуш дерг. Цунна дара, гIиллакхе а, оьзда а кхиийна йолчу шен несан Заретан цо боккха ларам бар а. Иза цуьнан воккхахволчу кIантехь Iаьлвехь ю.
Хаза дола деш, нохчийн гIиллакхаш лелон Iамош хьалакхиийна Зарета шен 7 бер: 6 йоI а, 1 кIант а. ХIоранга а школа, институт, университет чекхъяккхийта хьуьнар а хилира цуьнгахь.
Йоккхахйолу йоI Залина Швецехь Iаш ю. Цо Бельгехь лоьрийн дешар дешна. Таисас ХIинжа-ГIалахь экономикин институт чекхъяьккхина. Эсила хьехархо ю. Гуьмсерчу хьехархойн колледжехь дешна цо. РебаIата Майкоперчу медицинин институтехь дешна. Иза терапевт ю. Хатамата Соьлжа-ГIалара нохчийн пачхьалкхан университет чекхъяьккхина. Экономист ю иза. ХIинжа-ГIалахь дешна ПетIамата а. Экономикин а, бакъонан а академи ю цо чекхъяьккхинарг.
Пхиъ йоI шайн доьзалш кхиош, Шелахь ехаш ю. Церан ваша Мохьмад-Iела, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университет чекхъяьккхина, экономистан болх беш ву.
Ненан куьг уггаре а довха ду, цо олу дош уггаре а ховха ду! Доьзал боккха хилча, церан терго ян атта ца хуьлу. Берашна тIехь-когахь оьшург, кхача латтон беза. Оцу дерригенца а кхачоеш, цхьана а хIуманах ца хьегош, уьш, кхетам болуш, ийманехь кхиийна, оцу хьуьнаречу зудчо.
«Аьхка хье ца кхихкинчун, Iай яй ца кхехка», – олуш ду.
«Даккхий хилча, хенан йохаллехь сискал яккха атта хир ду шуна», – бохуш, шен нанас, къахьега Iамийначу Зарета а дика Iамийра шен зудабераш.
Нанас эцначу чархаца тега Iамийра цо шен йоIаршна. Цо ша тегна бедарш лелайойтуш кхиийна а бара уьш. Цундела цуьнан йоIарех а хилира беркате зударий.
Джигирханова Зарет хьехархо ю. 1977-чу шарахь Гуьмсера хьехархойн училище а, 1984- чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан историн факультет а чекхъяьккхира цо. Шен дахаран 42 шо хан дешаран хьаьрмина дIаелла цо, Шеларчу №5 йолчу школехь болх беш. Царах 17 шарахь директоран дешаран декъехула заместитель а хилла иза.
Цуьнан къинхьегаман некъан лаккхара мах хадош, цунна дуккха а Сийлаллин грамоташ а, дипломаш а, Баркаллин кехаташ а делла Шелан кIоштан дешаран урхаллин а, Нохчийн Республикин Парламентан а, вайн республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а куьйгалло.
Джигирханова Зарета шен дерриге а дахар берашна дIаделла. Белхан накъосташа а дозаллица йоккху цуьнан цIе. Иза езаш а, адамашца тарлуш а, шех ала дика дош дуьтуш а схьайогIуш ю. Болх-некъ хала бара аьлла, зудчун комаьрашаллах, самукъанах яьлла яц иза. Даима а кийча ю хьеший тIеэца. Цуьнан шун нохчийн къоман даарца кечдина хуьлу.
БIеннаш дешархой арахецна хьехархочо, церан дай-наной резахинболчу агIор хаарш а луш. Царна юкъахь лоьраш, экономисташ, хьехархой, махлелорхой бу. Уьш сих-сиха богIу Зарет йолчу. Ша дуккха а шерашкахь бинчу балхе юха хьаьжча, цунна го, ша хьегна къа эрнацахилар.
15 берийн бер ду Заретан. Уьш ша йолчу даьхкича, ненананас хьехарш до царна: ненан матте безам кхуллу, исламан динан хазалла йовзуьйту. Иштта, царна хьежош латтош, кемпет-шоколад хуьлу цуьнан…
УьйтIе серлайоккхуш дIадийна бес-бесара зезагаш. Бер санна, уьш хьоьстуш, хIора Iуьйранна, ша балха яхале, зебарца царна хи тухуш чекхйолу иза. Уьш цунна дукха а деза.
Далла хьалха а, халкъана, юьртана хьалха а сийлахь ю оьзда зуда. Ткъа нана, хьехархо кхин а лаккхарчу даржехь ю.
Ишттачу зударша кхиош бу къонахий а, нохчийн халкъан юьхькIоме кхане а.
УМАРОВА Лиза
№93, гIуран (декабрь) беттан 6 де, 2019 шо