А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь дIаяьхьира филологин Iилманийн докторан, профессоран Овхадов Мусан 70 шо кхачарна лерина суьйре. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, Къоман библиотеко а.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара республикин дешаран, Iилманан, кхоллараллин интеллигенцин векалш, Мусан хилла студенташ, цуьнан белхан накъостий, студенташ, гергара нах. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIруди, Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманан-талламан комплексан институтан директор Батаев Дени, философин Iилманийн доктор Акаев ВахIид, фольклорист Мунаев ИсмаьIал, Iилманийн академин меттанаш талларан отделан куьйгалхо Альбеков Нурвади, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан а, литературин а кафедрин куьйгалхо, профессор Навразова Хьава, профессор Халидов Муса, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан а, литературин а отделенин куьйгалхо Ирезиев Сайд-Хьамзат, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан Iилманан белхахой Вагапов Iаьрби, Джунаидов Аюб, Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, иштта кхиберш а.
Суьйре дIахьош яра поэтесса Халикова Асет.
Хьалхара дош Ибрагимов Канте делира цо, ткъа Кантас, Муса Iилманан говзанча санна вевзаш хилар хьесапе а эцна, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президенте Гапуров ШахIрудига кховдийра.

«Iилманехь къахьегна дукха нах бу вайн. Ткъа Мусас санна, Iилманехь къахьегна, республикина говзанчаш кечбина меттиг хир яц. Стеган сий – иза вайна юккъехь волчу хенахь, дийна волчу хенахь деш хилар гуттар дика ду. Муса воккха Iилманча ву. Наггахь бен хуьлуш а вац хIара санна Iилма а, оьздангалла а цхьабосса хаза долу стаг. Муса, ша вайна магарра, куц оьзда, хаза долуш хилар санна, шен леларца а ву оьзда, хьекъале, собаре, забаре, тешаме. Тхуна оьшуш, везаш ву хьо, Муса», – элира Ш.Гапуровс.
М.Овхадовх лаьцна хаза тоьшаллаш дира, еххачу хенахь, цуьнца къахьоьгуш, схьабаьхкинчу Iилманчаша, накъосташа. Иза дуьненан тIегIанера барамехь Iилманча хилар а, цо вайн республикина нохчийн меттан хьехархой, говзанчаш кечбарехь чIогIа къахьоьгуш хиларх а лаьцна дийцира. Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана шен къамелехь билгалдаьккхира Овхадов Мусас, нохчийн мотт хьехна ца Iаш, нохчийн меттан Iаматаш, кечйина ца Iаш, нийсаяздаран бакъенаш тойина ца Iаш, шена юххе Iилмане шовкъ йолу кегийрхой тIеозийна хилар.
«Къам хIаллакдан лаахь, цуьнан дешар хIаллакделаш», – аьлла. Оцу хьикматечу дешнийн маьIнех Муса чIогIа дика кхетта. Цундела, вайн халкъ дешаро бен зовкхечу дахаре кхачор доций хууш, шена Дала беллачу ницкъаца, ша Iилманна тIе вирзина ца Iаш, шеца цхьаьна, шен ницкъкхочург, массо а кхетош, дешар марздеш схьавогIуш ву. Махкана а оьшуш, беркате, оьзда стаг а ву», – билгалдаьккхира Сайд-Хьасана.
Мус а ван а ву хIокху вайн замане дIадаханчу бIешерашкара веача санна. Цуьнан лелар, вахар, дерриге а, нохчийн стагехь товш долчу барамал совдаьлла дац. Цундела хета иза массарна а шайн ваша волуш санна, цундела ца деза студенташ цуьнан лекцешка чулехка.
Цара лохуш, лоруш ву Муса. Довха дешнаш, совгIаташ, дуккха а хазахетарш дара суьйренехь. Суьйре ерзош, Мусас даггара баркалла элира, ша бахьанехь, болх-некъ битина баьхкинчу нахана.
З.ХИЗРИЕВА
№93, гIуран (декабрь) беттан 6 де, 2019 шо