Нохчийн исбаьхьаллин литературехь суна хIинццалц бу-бац ца хиъна болу турпалхой – ас церан тидам ца бинера – гар а, бовзар а Минкаилов Эльбрусан кхоллараллехь нисделла сан дуьххьара. Тера персонажаш-м дуккха а ю дуьненан литературехь, къаьсттина Чеховн а, Шервуд Андерсан а, кхечеран а кхоллараллехь. Амма нохчийн дахарехь и тайпа нах хьалх-хьалха хилла а боцуш – хиллехь а, иштта бIаьрла къаьсташ, – кхечу къаьмнийн культурин мехаша а, гуш а, хезаш а, хийцалуш а йолчу цивилизацино а, денна-денна кхуьучу индустрис а, юха, баккъал а бакъ а долуш, яккхий гIаланаша а юкъабаьхна шатайпа юьстахара, шайна чохь къовлабелла, дуьне шайн хьежарца гушболу нах бу.
Автора юьртахь а, Iаламца а, халонийн Iоттабаккхамехь а хуьлуьйтуш болу уьш, цхьа а шеко йоцуш, гIалара, цхьана шайн чохь, нахаца дукха яккхийра уьйраш йоцуш, шайн долчунах тоам а хеташ, шаьш бехаш буйла хаало, шайн дуьненца, шайн сица.
Чеховн а бу уьш, амма Чеховн турпалхой амал (характер) йоцуш, я, елахь а, дукха гIийла эхьалуш дахарна ян дуьхьало йоцуш, цхьанаэшшара хан-зама токхурш бу. Ткъа кхузахь, авторан кхоллараллин дуьненахь гайтинарш, шайн амал а, дуьне а къаьсташ, нах а бевзаш, шаьш муьлш бу а хууш, амма шайгара нахана дIахила долчул бен, нахера дика а ца дезаш, барамал тIехдаьккхина лелош долчу гIиллакхех а къехкаш, шайн долчух тоам а беш, неI тIекъевлча – арахьдерг – арахь а дуьтуш, нохчийн юкъараллин бакъонашца ца йогIуш йолу шайн кхин бакъонаш йолу адамаш ду, цул а нийса аьлча, цхьана терзан, низаман, хьелашка хьаьжжина дIахIоьттинчу хиламан адамаш. «Ас хьайна ца еш йолу новкъарло ма ехьа суна, – боху цара, – суна а ма лаьа ваха, хьуна санна, дуьненан хазалла тергал а еш». Иза цара массаьрга а боху: цкъа хьалха, коьртачу декъана шаьш-шайга а, т1аккха хьоьга а, нахе а, харцонна дуьхьал шайн даг чохь цабезам а кхобуш.
Нагахь Минкаилов Эльбруса нохчийн литературе керла хIума деанехь – иза цунна и нах гар а, уьш гайта хаар а ду, хIинццалц цхьаннан а тидам ца хилла, ткъолгIачу бIешеран шолгIачу эхенехь кхоллаеллачу нохчийн интеллигенцин шатайпа чкъор. Уьш вайна гуш а бу, амма вай тидамза тIехдовлу царна, уьш а, вай санна, карзахе а, боьхна а, цхьанхьа хьаьвдда-бевдда лелаш санна а хеташ. Уьш цхьанхьа а уьдуш, я хьере а, карзахе а бац – царна шаьш хийца я шайга хийцалур долуш хIумма а доцийла хаьа кху дуьненахь. Уьш хьоьжуш бу, ган лууш.
Яздархочун Минкаилов Эльбрусан кхиамех суна, уггаре а хьалха, «Дахаре гIертар» цIе йолу дийцар тов, цул тIаьхьа «Дахкарлахь», «И ши бIаьрг»,«Маьлхан догIа», «Дагалецамаша дохийна дезде» цIерш йолу дийцарш а.
Суна иштта дезаделла цуьнан дийцаршкара Терк а, турпалхочун цIена, сирла, сатийсаман дуьне а, жимачу стеган къоначу ницкъаша шорйина деган йоккха ойла а, автора нийсачу тидамца гайтина долу Iаламан суьрташ а.
Эльбрус шен прозехь керла а, дуьххьарлерчех а ву нохчийн прозехь (посторонний) юьстахара турпалхо иштта къаьсташ гайтинчех.
БЕКСУЛТАНОВ Муса,
Нохчийн Республикин халкъан яздархо