Курчалойн кӀоштарчу Ӏаларой-Эвлахь схьадиллина керла тӀай. Иза Черхигов Сайд-Эмин цӀарах ду.

30 метр сов деха а, 12 метр сов шуьйра а ду керла тӀай. ХӀинца дуьйна цуьнца хотталуш хир ю Курчалойн а, Нажи-Юьртан а кӀоштийн ярташ.
Нохчийн Республикин Автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара билгалдаккхарехь, и тӀай тиллар бахьана долуш, Нажи-Юьртан кӀоштарчу яртийн бахархошна Р–217 «Кавказ» некъа тӀе а, республикин пачхьене а кхача дукхазза а атта хир ду.
Цул сов, тIай тилла аьтто хилар Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера гIо-накъосталла хиларца доьзна хилар а хаийтира цо.
«Ахьмад-Хьаьжин Рамзана гуттар а гIо-накъосталла деш хиларца доьзна, Нохчийчоьнан ерриге а кIошташкахь тохкуш тIайш а, дохкуш некъаш а ду», – элира цо.
Иштта, цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана, республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхаллин хьаькама Черхигов Идриса, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан хьалхарчу заместитела Закриев Салмана, «Газпром межрегионгаз Грозный» юкъараллин коьртачу директора Баймурадов Лом-Iелас, Iаларойэвлахоша, хьешаша.
ТIай схьаделларан гIуллакх дерзийнчул т1аьхьа бахархошна а, хьешашна а иза беркате хилийтар доьхуш, доIа дира гулбеллачара.
И.ИСЛАМОВ
№94, гIуран (декабрь) беттан 10 де, 2019 шо