«Iаламан исторехь – вайн кхолламаш» цIе йолу гайтам схьабелларехь дакъалецира Кадыров Рамзана

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьакъволчу суртдиллархочун, Россин Суртдиллархойн союзан декъашхочун Шамилов Ӏайндин суьртийн гайтам схьабоьллучохь хилира.

Цо билгалдаккхарехь, республикин бахархошлахь исбаьхьаллин искусство кхиорехь а, кегийрхошлахь шайн Даймахке безам кхоллабалийтарехь а доккха дакъалаьцна ву Шамилов Ӏайнди.

Шен 70 шо кхачарца а, керла гайтам схьабелларца а суртдиллархо декъал а веш вистхиллачул тIаьхьа, I.Шамиловна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира республикин Куьйгалхочо.

Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолчу Регионан юкъараллин фондо а дира суртдиллархочунна совгIат. Фондо яийтинчу машенан догӀанаш цунна дӀаделира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.

Гайтаме даьккхина авторан 70 сов сурт ду, уьш тайп-тайпанчу муьрашкахь дехкина ду. Царна юкъахь бу историн хиламаш, Iер-дахаран мIаьргонаш, нохчийн халкъан Iадаташ, ламасташ гойту белхаш.

Коьртачу декъана Нохчийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан а Ӏалам ду белхаш тIехь.

Суртдиллархочун хIора а суьрто цуьнан Даймахке, дуьнене, дахаре болу безам а, дегайовхо а гойту.

Хьакъволчу суртдиллархочун гайтам Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу «Сийлаллин аллей» комплексехь схьабиллина а, гIуран (декабрь) бутт чекхбаллалц лаьттар болуш а бу.

А.ВАХАЕВА
№94, гIуран (декабрь) беттан 10 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: