Ерриге а Къилбаседа Кавказехь вевзаш вара РСФСР-н халкъан артист Зубайраев ЯрагIи. Хьовсархошна хазахетара вайнехан къоман театран сцени тIехь цо кхуллуш долу васташ.

1933-чу шарахь веанера актер театре балха. 50 шарахь гергга сцени тIехь болх бинера цо. Вайн дукхахболчу махкахошна иза вевза похIме актер санна. Цуьнан ойла даима а режиссурех хьерчарх дерг хууш берш кIезиг бу.
Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу театран сцени тIехь хIиттийначу дуккха а спектаклийн режиссерийн ассистент хилла ву ЯрагIи.
1959-чу шеран гурахь ЯрагIис ша хIоттийра «Софиян безам» самукъане спектакль. Вайн лулахь бехачу хIирийн драматургаша Хубецова Раисас а, Хугаев Георгийс а язйина яра и комеди. Цара-м пьесина «Софиян илли» цIе тиллинера.
ХIирийн къоман театрехь а, иштта, Къилбаседа Кавказан кхечу халкъийн театрийн сцени тIехь а «Софиян илли» цIарца чекхъелира и пьеса. Делахь а, ЯрагIис хийцинера пьесин цIе.
ХХ-чу бIешеран 50-чу шерашкахь хилла кавказхойн дахар гойтуш яра спектакль. Пьеса нохчийн матте яьккхинарг яздархо Саидов Билал вара. Ирачу забарца, шовкъечу хелхаршца, зевнечу иллешца Iанаоьхуш яра «Софиян безам» спектакль.
Ильясов Султан, Сатуев Умалт, Нудушев ХIарон, Исаева Асет, Ташухаджиева Асет, Алиева Тамара, Шовхалова Майя, иштта дуккха а кхиболу актераш бара спектаклехь дакъалоцуш. Лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица, къегина басарш ца кхоош, цара кхоьллинчу васташа серлаяьккхинера иза.
1959-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 31-чу дийнахь хилира спектаклан премьера. Дукха хьовсархой гулбинера цо. Къоман театран репертуарехь ехха лаьттира и спектакль.
Комедеш дукхаезаш болчу вайн махкахошна мел дукха хьежарх, кIорда ца йора иза. Ткъа уггаре а коьртаниг, Зубайраев ЯрагIис и спектакль боккхачу кхиамца хIотторах беркат даьлла, вайн лулахь дехачу халкъийн драматургаша язйина кхийолу пьесаш хIитто йолийра вайн республикерчу режиссераша.
ЯрагIис хIоттийначу спектаклах марзо эцна довлале, Дагестанерчу, ГIебартойн-Балкхарерчу, иштта, ХIирийн махкарчу яздархойн говзаршна тIехь спектаклаш хIиттийра вайн театран сцени тIехь.
Ган ирс хиллачу хьовсархошна цкъа а йицлур яц хIирийн драматурган Хугаев Георгийн пьесаш тIехь вайн театро хIиттийна «Сан стунана», «Сан зудчун майра» спектаклаш.
Цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, Зубайраев ЯрагIис хIоттийначу «Софиян безам» спектакло некъ баьстира оцу башхачу комедешна.
А.АРАПХАНОВА
№94, гIуран (декабрь) беттан 10 де, 2019 шо