ХIокху беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу У.Ахтаевн цIарахчу спортан цIийнехь билгалдаьккхира I.Шахбулатовн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин 80 шо кхачар.

Даздаршка веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров, цуьнан доьзал, Iедалан, юкъараллин, кхоллараллин, векалш, и.дI.кх.
Даздарш дIадолийра филармонис бина некъ бовзуьйтучу видеокийсакца. Цул тIаьхьа вистхилира НР-н культурин министр Дааев Хож-Бауди.
Цо элира: «1939-чу шарахь дуьйна нохчийн мукъам а, илли а, нохчийн иллиалархо а бохучун деза-доккха дукъ шена тIе а лаьцна схьаеана ю филармони. Иза кхоьллина дукха хан ялале нохчийн халкъ махках даьккхина. ТIаккха а, Казахстанехь, ГIиргIизойчохь мукъам, кехат-пондар, дечигпондар ца буьтуш, иллешца, эшаршца адамийн дог-ойла гIаттош схьабаьхкина артисташ. Цул тIаьхьа, цIабахка маршо елча, хьалхарчаьрца цIа а баьхкина, юха а шайн болх дIакхехьна, мел хала хиларх ца буьтуш. Вайн республикехь бевзина ца Iаш, дерриге а дуьненахь ала мегар долуш, бевзаш артисташ бевлла вайн филармонера. Вайн композиторша даьхна а, иллиалархоша аьлла иллеш а, эшаршлакхархоша дIалекхна эшарш а Россин а, дуьненан а дашочу фондашна юкъаяхана. XXI-чу бIешеран юьххьехь, республикина хала еанчу хенахь, НР-н хьалхарчу Президента А-Хь.Кадыровс (Дала декъалвойла иза) нохчийн къоман культура, мукъам, илли, йиш, пондар бохучун мах шена хааре терра, юха а хьалхарчарах меттахIоттийра филармони. Артисташ суна даггара декъалбан лаьа филармонин 80 шо кхачарца. Хаддаза тхан гIо лоцуш, вайн артисташ тоьллачу агIор хилийта гIерташ, уггаре а хьалхарчарах театран-концертийн зал тояйтина волчу вайн республикин Куьйгалхочунна а, хIокху 15 шарахь артистийн Iуналла деш йолчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентана А.Кадырована а суна сайн а, артистийн а цIарах баркалла ала лаьа».

Хож-Баудис сцени тIе кхайкхира Р.Кадыров.
Цо элира: «Иштта самукъане, ирсе дахар вайн хилийта гIерташ, дуккха а вайна безаш берш юкъара дIакъаьстина. ДIакхелхинчарна Дала гечдойла. Филармони бохург ондда дош ду. Кхузахь къахьегна М.Эсамбаевс, I.Шахбулатовс, Ш.Эдисултановс, С.Магомедовс, Б-Хь.Дидиговс, I.Усмановс, М.Айдамировас, иштта дуккха а кхечара. Уьш берриге а вайн къоман дозалла а, сийлалла а ю. Вайн къомана хала еанчу хенахь а, вайн къомаца цхьаьна хилла бу артисташ. Шайн дуьхьа а доцуш, къоман дуьхьа баьхна уьш. ТIекхуьучу чкъурана масал а хилла, бакъ долуш, яхь, майралла, доьналла, ийман долуш хилла уьш. Таханлерчу дийнахь итт сов Россин хьакъдолу артист ву вайн. Вай цхьа барт болуш къахьоьгуш долу дела дикачу агIор дуккха а кхиамаш бу вайн. Айса царна елла цIераш а, дина совгIаташ а суна дукха ца хета, хIунда аьлча царна кхин а дукха догIура уьш».
Цул тIаьхьа артисташна совгIаташ дира.
Россин Президентан В.Путинан Указаца Культура а, искусство а кхиорна доккха дакъа юкъадилларна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а «Россин Федерацин хьакъволу артист» цIе елира И.Эбиевна, М.Ташаевана.
Нохчийн Ре спубликин Куьйгалхочун Указаца нохчийн культура а, искусство а кхиорна доккха дакъа юкъадилларна, лаккхара говзалла хиларна I.Шахбулатовн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин 80 шо кхачарца доьзна, А-Хь.Кадыровн орден елира филармонин директорна Т.Демельханована.
Къинхьегамехь билгалъяларна Сийлаллин билгало елира Э.Муртазована.
«НР-н халкъан артист» цIе елира К.Шариповна, I.Гетагазована, М.Хайдаровна, Р.Биналиевна.
«НР-н хьакъволу артист» цIе елира I.Буруевна, М.Мирсакаевана («Фирдаус»).
«НР-н культурин хьакъйолу гIуллакххо» цIе елира А.Дагаевана.
«НР-н Куьйгалхочун Сийлаллин грамота» – М.Межиевана.
«НР-н Куьйгалхочун Баркаллин кехатца» совгIат дира Р.Хаджимурадована, филармонин ветеранна С-Э.Айдамировна.
Филармонин ерриге а исбаьхьаллин коллективана (271 артист) А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондо хIоранна 50 эзар сом делира, филармонин ветеранашна хIоранна – 100 эзар сом.
Иштта, артисташна «Мерседес» микроавтобус елира.
Даздарш дерзийра филармонин артистийн исбаьхьчу концертаца.
Л.ИБРАГИМОВА
№95, гIуран (декабрь) беттан 13 де, 2019 шо