Нохчийн махкахь тIом болабелла 25 шо кхачаран хьокъехь яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

Оцу хиламца йоьзна шен ойла а йовзийтина цо.
«Цкъа а бицлуш бац тIом. Цуьнца доьзнарг иэсо, тIаьхьено, бIе а, эзар а шераш довларх а, лардеш ду. «ТIамо кIант ца вина, тIамо кIант вийна!», – олуш, кица ду нохчийн. ТIом дIакхайкхийна хьалхарчу миноташкахь дуьйна, и дешнаш бакъхиларан чам бевзира Нохчийчоьнан бахархошна. ТIамна тиллинарг «Нохчийчохь конституцин къепе дIахIотторан операци» аьлла, цIе хиллехь а, авиацис а, артиллерис а ракеташ а, бомбанаш а етта йолийра, яго йолийра хIусамаш, байа болийра маьрша бахархой», – билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Иштта, цо дагадаийтина уггаре а чолхе, къиза мур 1994-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 31-чу буьйсанна дIаболабелла хилар.
«Мохк (Росси – авт.) Керла шо беркате хиларе сатуьйсуш, кедаш айдеш бара, ткъа Соьлжа-ГIалахь цIе яр-кха бахархой а, салтий а иэгош. Хьалхарчу сахьташкахь дуьйна, консервийн заводана гуонахарчу урамашкахь дIа а лоьцуш, юха, «УРАЛаш» тIе а буттуш, бIеннашкахь кегийрхой дIабига болийра. Каноца Мазлаке а, Пятигорске а дIабуьгура уьш цул тIаьхьа. Царах хIораннан а гIуллакхехь яздина дара: «СагIа доьхуш лаьцна». Грачев Павелан план лоппаг санна иккхира. Салташа шайца цIе а, бохам а, Iожалла а йохьура. Дуккха а шерашка бахбелира и бохам. БIеннаш эзарнашкахь белларш а, байнарш а, йохийна экономика а, махкара арабовлуш иттаннаш эзарнашкахь мухIажарш а… Иштта яр-кха Нохчийчоьнан гIаланаш а, ярташ а. Оцу муьрехь дара иза… Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къам цхьааллин а, нийсонан а байракхца гулдан долийра. Цо цхьаьнатуьйхира халкъ, чекхбаьккхира тIом, Нохчийчоь кхиоран хьалхара гIулчаш а ехира. Оцу некъа тIехь, ша, Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнашкахь цуьнан бIанакъостий а шахIидаш хилира. Дала къобалдойла церан гIазот! Веза-Воккхачу АллахIе боьху вай вайн махкана даима а лаьттар болу машар а, кхиар а!», – олуш, чекхдаьккхина Кадыров Рамзана шен йоза.
Дагадоуьйту 25 шо хьалха, 1994-чу шеран гӀуран (декабрь) беттан 11-чу дийнахь, Россин Федерацин Президента Ельцин Бориса «Нохчийн Республикехь юкъараллин кхерамазалла а, къепе а, закон а дӀахӀотторан хьокъехь» аьлла долу шен Указ арахецна хилар.
И.ИСЛАМОВ
№95, гIуран (декабрь) беттан 13 де, 2019 шо