Культура халкъан коьрта бахам бу

– Хож-Бауди, къоман «Культура» проект кхочушъяр вайн республикехь муха дIахьош ду?

– Россин Федерацин Президентан «2024-гIа шо кхаччалц йолчу ханна Россин Федераци кхиоран стратегин гIуллакхийн а, къоман Iалашонийн а хьокъехь» долу Указ кхочушдаран гурашкахь юкъаяьккхина ю къоман «Культура» проект, иза 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна кхочушъян йолийна ю.

Цунна юкъайогIуш федеральни кхо проект ю: «Культурин хьал», «Кхоллараллин нах», «Терахьийн культура», вайн регионехь уьш кхочушъярехь къахьоьгуш Нохчийн Республикин культурин министерство ю.

«Культурин хьал» проектана юкъадогIу культурин керла учрежденеш яр, ширанаш тояр. Карарчу хенахь йина яьлла а, белхаш чаккхене бирзина а культурин ялх учреждени ю. Цу юкъахь ду Невран кIоштарчу Гал-ГIалахь а, Салт-ГIалахь а, 400 стагана лерина даздаран залаш а йолуш, дина Культурин цIенош а, ТIехьа-Мартан кIоштарчу Янди-КIотарахь ши кIира хьалха схьадиллина керла Культурин цIа а, иштта, Курчалойн кIоштарчу БIачи-Юьртара а, Веданан кIоштарчу МахкатIера а, Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенара а Культурин цIенош.

«Кхоллараллин нах» федеральни проектан коьрта Iалашо ю бахархойн кхоллараллин дIадолорийн гIолацар, цу декъехь халкъан кхоллараллин коллективашна гранташ ялар. И проект кхочушъяран гурашкахь 2019-чу шарахь коммерцин йоцчу организацешна субсидийн кепехь хIара кхоллараллин проекташ кхочушъярна билгалъяьккхина 6 грант: СССР-н халкъан артистан Магомаев Муслиман иэсана лерина йолу Дуьненаюкъара «Орфей – 2019» фестиваль-конкурс; Эсамбаев Махьмудан цIарах йолу цхьаьннан хелхаран XI-гIа дуьненаюкъара фестиваль-конкурс; «Вайнах» ансамблан 80 шо кхачарна лерина юбилейни концерт; историн-культурологин «Нохчийн синкхетам» а, «Нохчийн мотт цIена бийцар» а проекташ; вокалехула йолу регионан «Мотивацин а, эмоцийн а агIонаш – вокалехь» мастер-класс.

2019-чу шарахь, Соьлжа-ГIалин Библиотекийн коьртачу системо Россин культурин министерствос къоман «Культура» проектан гурашкахь дIаяьхьначу модельни библиотекаш кхолларехула йолчу конкурсехь кхиамца дакъалацар бахьанехь, № 23 йолчу библиотекина-филиалана федеральни бюджетера 5 миллион соьман барамехь ахчанца гIо дина Соьлжа-ГIалахь дуьххьарлера «Мобильни библиотека» схьайоьллуш.

Массо а кхетийта билгалдоккхур вай: «Модельни библиотека» – иза дика кечйинчу чоь чохь, кхузаманан компьютеран гIирсаш а болуш, шен балхахь хаамийн керлачу технологех пайда а оьцуш, тайп-тайпана (дуккха а) дакъош чулоцуш, кхачам боллуш книгийн фонд йолу масале библиотека ю.

Билгалдаьккхинчу ахчанах 351,9 квадратан метран барамехь йолу библиотекин чоьнаш кечйина. Оьшуш йолчу йийбарца а, кхузаманан гIирсашца а кхачо йина, ткъа книгийн фонд керлачу кхузаманан а, берийн а, классикин а литературица а, иштта, могашаллин таронаш кхачаме йоцучарна леринчу литературица а тIеюьзна.

ТIехсиха интернет а йолуш, Iилманан а, исбаьхьаллин а чулацам болчу Россин кхузаманан хаамийн хьостанех а, Къоман электронни библиотеках а, Iилманан диссертацийн электронни библиотеках а пайда оьцийла а долуш, иштта пайдаэцархошна Ешархочун юкъара билет даларан керла система а йолуш, бакъйолу интеллектуальни туш хилла дIахIуттур ю модельни библиотека. Иза хIокху шеран карарчу (гIуран) беттан хьалхарчу деношкахь схьайиллина.

Хьалха-Мартан кIоштарчу Ярташнаюкъарчу коьртачу библиотекехь а бина иштта «Модельни библиотека» кхолларехула кхиаме болх. Библиотека чуьра кечйина ца Iаш, кхузаманан лехамашца йогIуш хилийтархьама мел оьшу хьелаш кхоьллина цигахь. Цу тайппана белхаш бина Берийн коьртачу библиотекехь – Устрада-ГIалин коьртачу библиотекин №1 йолчу филиалехь а, цигахь гIишлонна капитальни ремонт йина.

Нохчийн Республикин «Терахьийн культура» регионан проект кхочушъяран а, культурин хьаьрмахь хаамийн майда кхолларан а гурашкахь, дIадахьа декхар долу конкурсан гIуллакхаш дIадаьхьначул тIаьхьа, Соьлжа-ГIаларчу I.Шахбулатовн цIарахчу Пачхьалкхан театран-концертийн залехь концертийн виртуальни залана лерина гIирсаш хIиттийна.

Хьуо концертехь волуш санна хоьтуьйтучу кепара цIена а, чIогIа а аз хозуьйтучу кхузаманан лакхараговзаллин техникица кхачо йина концертийн виртуальни зал схьайиллинчу хьалхарчу регионех цхьаъ ю Нохчийн Республика.

Пачхьалкхан театран-концертийн залехь дIахIоттийначу оцу техникин гIоьнца вайн республикин бахархойн а, хьешийн а хIинца таро хир ю дуьххьалдIа йолчу трансляцехь Россин тоьллачу симфонин оркестрийн концерташка хьовса.

2019-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 5-чу дийнахь Москван филармонера – П.И.Чайковскийн цIарахчу концертийн залера – дуьххьарлера дуьххьалдIа трансляци хилира Соьлжа-ГIаларчу концертийн виртуальни залехь.

И гIуллакх дIадаьхьира Россин Федерацин культурин министерствон «Ерригроссин концертийн виртуальни зал» проектан гурашкахь.

Культурин декъехь долу хьашташ боккхачу барамехь терахьийн кепе дерзор а, хьокъала йоллу хаамийн майда кхоллар а юкъалоцуш йолу «Терахьийн культура» проект кхочушъяран гурашкахь Нохчийн Республикин культурин ерриге а учрежденеш жигара дакъалоцуш ю Россин культурин министерствон «Культурин хьаьрмахь хаамийн юкъара майда» хаамийн автоматизированни системин порталан болх кхочушбарехь.

Цуьнца доьзна суна билгалдаккха лаьа Нохчийн Республикин культурин министерство Россин Федерацин субъектийн культурин дахаран хаамийн жигараллин рейтингехь хьалхарчу меттехь хиларна дипломаца билгалъяьккхина хилар (и совгIат динера 2019-чу шеран хьалхарчу эхашеран жамIашца, «1–2 миллион вахархо волу Россин Федерацин субъект» номинацехь).

2019-гIа шо доладелчахьана Нохчийн Республикин культурин министерствос кхочушъеш ю Хаамийн порталан «Культурин Нохчийчоь» проект, иза Нохчийчохь культурин декъехь хуьлучу хиламех, даздарех лаьцна хаамаш бовза атта хилийтархьама хIокху шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна дIайолийна ю.

Проектан Iалашо – нохчийн халкъан Iадаташ, ламасташ, культурин мехаллаш йовзийтар, яржор, вайн регионехь культурин декъехь хила безачу хиламех лаьцна хаамаш республикин бахархошна а, иштта, хьешашна а хьалххе бовзийтар. Масала, луучеран хаа йиш ю культурин гIуллакх мичахь, маца (муьлхачу дийнахь, маса даьлча) хир ду, цига кхаьчначарна хIун гур ду.

Цул сов, Нохчийн Республикин культурин тIаьхьалонан объектех, культурин учрежденех, туристийн маршрутех, иштта, регионан сийлаллин меттигех лаьцна хаамаш бу порталехь.

Хаамаш бевзина ца Iаш, туристийн таро ю, карарчу хенахь, цигахь хIун хиламаш хуьлуш бу а хьовсуш, карташна тIехь билгалъяьхначу муьлххачу меттигашка а, иштта, туристашна леринчу маршруташка а хьовса, оьрсийн-нохчийн дошамах а, оьрсийн-нохчийн къамелIаморгах а пайдаэца. Иштта, хьешацIийнех а, ахчанаш хийцарх а, тарифех а, дуккха а кхиболу а хаамаш бовза йиш ю вайн регионерчу хьешийн оцу порталехула.

– Историн а, архитектурин а хIолламаш Iалашбаран декъехь хIун болх бо Нохчийн Республикин культурин министерствос? Хууш ма-хиллара, Веданан кIоштахь историнархитектурин Хой комплекс меттахIотторехь болх бу дIахьош. И шира юрт меттахIотторан декъехь таханлерчу дийнахь динарг хIун ду?

– Нохчийн халкъан культурин тIаьхьалонаш меттахIитторехула а, Iалашъярехула а белхаш дIабахьаран хьокъехь долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдаран гурашкахь, 2019-чу шеран бIаьста, Веданан а, Шаройн а кIошташкахь гIишлошъяран белхаш дIаболийна.

Шаройн историн-архитектурин комплексо юкъалоцу 41 объект: 1 маьждиг, тIеман 7 а, нах чохь Iен 33 а бIов; маьждиг меттахIоттийна, чекхбовлуш бу тIеман бIаьвнаш меттахIитторан белхаш а.

КхидIа нах чохь Iен бIаьвнаш меттахIитто дагахь ду тхо, царна юкъахь кхо гIат дерш а, диъ гIат дерш а ю.

Республикин Куьйгалхочо 2020-гIа шо ГаланчIожан кIоштан шо ду аьлла, дIакхайкхийчахьана, Культурин министерствос оцу кIоштахь бен болх хаъал алсамбаьлла.

Дагалаьцна цхьамогIа историн комплексаш – Нашха, ГаланчIож, МоцIара, ЦIойн-Пхьеда, Никара меттахIитто.

ХIинцале меттахIиттийна Хьайбахан историн-архитектурин комплексана юкъайогIучу гIишлойн пенаш, чекхдаьлла тIеман бIовна тхов тиллар.

Товбецан (сентябрь) баттахь кхин а ши объект меттахIоттийна оха: оцу комплексан нах чохь Iен шозза тIекIалйина ши бIов. Чухаьрцина тIулгаш дIа а дохуш, баххаш чIагI а деш, реставраци йина.

Хьайбахара тIеман бIов меттахIоттор иттаннаш шерашкахь яьсса лаьттина и исбаьхьа хаза ламанан меттигаш денъяларан билгало ю.

– Хож-Бауди, культура, гуттар а ала мегар долуш, театраца йоьзна ю. Вайн заманахь театр муха хила еза аьлла хета хьуна?

– Культурин хьаьрма – идеологин белхан уггаре а чIогIачарах цхьа гIирс бу, цуьнца билгалйоху юкъараллин синмогашалла а, синмехаллаш а.

Кхечу хьаьрмашца цхьаьна адаман синкхетам кхоллабаларехь дакъалоцуш ю культура, цундела вайна чIогIа маьIне ду цу декъехь болх бар.

Республикин куьйгалло мел боккха болх бо а, культурина а, историна а, вайн ламасташна а мел чIогIа терго йо а вайна хууш ду.

Кхийолчу регионаша а санна, республикин халкъийн динан-синъоьздангаллин а, культурин а мехаллаш тIехь Россин бахархойн шатайпаналла ларъян езаш ду вай.

Хууш ма-хиллара, чекхдолуш долу 2019-гIа шо Россин Федерацин Президента Путин Владимира Театран шо ду аьлла, дIакхайкхийна дара.

Товбецан (сентябрь) беттан 11–19-чуй деношкахь вайн мехкан культурин пачхье хилла дIахIоьттинера Соьлжа-ГIала.

Кхузахь хилларг республикин бахархоша дукха хенахь дуьйна сатийсина доккха дезде дара – Нохчийн Республикин пачхьенехь дIахьош яра Къаьмнийн театрийн «Федераци» ерригроссин фестиваль.

Россин театран юкъаралла цхьаьнатуьйхира оцу фестивало, вайн мехкан халкъийн культураш уллера йовза таро а елира. Вай – россихой – цхьаьнадузуш, истори хилла а ца Iаш, синмехаллаш а ма ю. Иза девзича, вайн юкъара мел дукха хIума ду хаьа вайна.

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешара нохчийн лаьтта тIехь машар дIахIуттург хиларх.

Кхузахь суна билгалдаккха лаьа Ахьмад-Хьаьжас, Нохчийчоьнна уггаре а хала даьхкинчу деношкахь, шен алапа Нохчийн Республикин къоман театр меттахIотторан фонде дIаделла хилар.

ХIокху шарахь дуьйна Къаьмнийн театрийн «Федераци» ерригро ссин фе стиваль хIорашеран хир йолуш ю. Вайн республикин театран дахарехь мехала и цхьа хилам хилла ца Iа.

2019-гIа шо доладелчахьана республикин театраша Россин регионашка дIа а оьхуш, иттаннашкахь спектаклаш гайтина, дуьненаюкъарчу, регионашнаюкъарчу фестивалашкахь, форумашкахь дакъалаьцна.

Театр – иза искусствон чIогIа исбаьхьа, битаме (дагахь юьсуш) кеп ю, литература а, иллиаларан а, хелхаран а, суртдилларан а искусствош чулоцу цо.

Театран шен башхалла ю: цо долуш дерг гойту – дика а, вон а; амалш гойту; адамийн дахарехь нислуш долу хьелаш гойту; иштта, церан мах а хадабо, царах хьовсархой кхета а бо, и дерриге а гойтург уггаре а коьрта цхьа турпалхо – актер а – волуш.

Вайн республикехь театран ши кеп ю: драмин а, тайнигийн а. И театраш кхиар гуттар а юкъараллин кхиарца а, культурин юкъарчу хьолаца а доьзна хилла.

Театран дахар дуккха а тайп-тайпана агIонаш йолуш а ду, иза цхьа башха дуьне санна, къаьсттина дахар ду. Хьо хьайн дахарца нийсса театран дахарца а веха. Хьо муха веха хьаьжжина хуьлу юкъаралло къобалвар а.

Дика Iемаш ца хиллехь, лела ца хиънехь – къобалвийр вац. Даима кхуьуш, актеран говзалла кхиош хиллехь (кхиар – дахарх дIадаккха йиш йоцу дакъа ду) – хьо гIолехь ловзалур ву, тIаккха, еххачу ханна, дагахь а дуьсур ду хьан ловзар. Театран хIора а актера дагахь латто деза иза!

ХIуъа хиллехь а, уггаре а диканиг ду массо агIор кхиар, хьайн ловзар, аьлча а, ша дахар (театран дахар) сирла, ма-хуьллу чулацаме, дагахь дуьсуш хилийтархьама.

– Вайн республикин театрашка а, музейшка а мел нах лела тахана? Оцу меттигашка алссам хьовсархой, цу юкъахь кегийрхой а, тIеозорхьама беш цхьана а кепара болх буй?

– Музейн балхана жигара юкъайолуш ю театрализаци. Музей, мукъа хан яккхаран кхечу кепашца къуьйсуш, нах тIеозорхьама «музейхилам» хила гIерта.

Алссам дагах кхетачу, дагахь юьсучу кепара кечйо экспозицешкара материалаш, шо-шаре мел долу шорлуш ю «музейл арахьара» аьлла, цIе тиллина даздарийн программа (цу юкъайогIу концерташ, суьйренаш, презентацеш, и. дI.кх.).

Оццу хенахь даьржаш ду музейн залашкахь а, гайтамийн комплексашкахь а концертийн программаш, музыкин а, литературин а суьйренаш дIаяьхьна ца Iаш, драмин театран спектаклаш хIиттор а.

Вайн театрийн спектаклашка а, музейн гайтамашка а меттигера хьовсархой а санна, пачхьенан хьеший а, туристаш а тIеозорхьама дан хьакъ мел долу гIуллакхаш деш ду Нохчийн Республикин культурин министерствос.

Билгалдаккха деза, музейшка хьашт-дезар хилар алсамдолуш ду Россехь – музейша шайн болх шорбеш бу, керлачу гайтамийн майданаш схьайоьллуш, тайптайпанчу организацешца цхьаьнагIуллакхаш деш, виртуальни бакъдерг гайтар карадерзош.

Нах тIеозорхьама, культурин кхийолчу учрежденешца къийсина (конкуренци хилла) а ца Iаш, адамо шен мукъа хан яккха йиш йолчу муьлххачу меттигашца а къуьйсу тахана музейно.

Музей баха мел луучеран йиш ца хуьлу цига кхача, масала, генахь Iаш хилар бахьанехь. Амма, терахьийн технологех пайда а оьцуш, музейн балхе хьовса йиш ю церан.

Музей хиларан виртуальни бух а хилла дIахIиттина социальни сеташ а, сайт а, Россехь интернетах пайдаоьцурш хIора шарахь алсамбовлуш хиларе хьаьжча, иза чIогIа мехала а ду.

Бакъдолуш, культурин хьаьрмахь къахьоьгучара, терахьийн майданан мехалла тидаме а оьцуш, интернетехь жигара болх бо, цу юкъахь со а ву, социалан сеташкахь хуьлуш волу.

– Герггарчу хенахь регионан культурин дахарехь хила безаш хIун хиламаш бу?

– ХIара шо чекхдала йисина кIезиг хан ю, цундела, шеран чаккхе хиларе хьаьжжина, хIокху баттахь кхочушдина а, дан дагалаьцна а дуккха а гIуллакхаш ду республикин культурин ерриге а учрежденешкахь, уьш, дукхахдерш, 2020-гIа шо доладаларна лерина а ду, иштта, юбилейн даздарш а ду цу юкъахь.

ХIокху баттахь оха билгалдаьккхина Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин 80 шо кхачар. Иза даздаран декъехь дIаяьхьна нохчийн эстрадин артистийн йоккха концерт. Иштта, гIуран (декабрь) бутт чекхбалале, Россехь Театран шо Нохчийн Республикехь дIакъовларна лерина даздарш а, чекхдолучу шеран уггаре а коьрта культурин хилам – «Синмехаллаш» проектан финал дIаяхьар а ду хила дезаш.

– Хелхаран коллективийн тIаьхьарчу кхиамех лаций дийцахьа.

– Хелхаран коллективаша яккхийчу гIаланашкахь а, дозанал арахьарчу мехкашкахь а баьхна кхиамаш-м, бийцина ца валлал, дукха бу.

Халкъан кхоллараллин «Бенара бIаьсте» хIорашеран ре спубликин фестиваль дIаяхьаран гурашкахь хилира шиннан (къоман) хелхаран «Нохчийн хелхар – 2019» хIорашеран республикин фестиваль-конкурс, цигахь дакъалецира вайн хелхаран коллективашкарчу артисташа.

Эсаран (октябрь) баттахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Эсамбаев Махьмудан цIарах йолу цхьаьннан хелхаран хIорашеран XI-гIа дуьненаюкъара фестиваль-конкурс.

Бекарг (март) баттахь хелхаран «Вайнах» ансамблан гастролийн концерташ хилира ГIебартойн-Балкхаройчохь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, асаран-мангалан (июнь-июль) беттанашкахь – Москвахь, Пятигорскехь.

Цул сов, «Вайнах» ансамбло дакъалецира Брест гIалин 1 000 шо кхачарна леринчу даздаршкахь, иштта, оханан (апрель) баттахь гастролан концерташ елира Беларусин гIаланашкахь.

Шен 80 шо кхачар даздаран гурашкахь хIокху шеран эсаран (октябрь) баттахь Краснодар, Пенза, Тольятти, Оренбург, Уфа, Челябинск, Курган, Петропавловск, Омск, Павлодар, Барнаул, Новосибирск гIаланашкахула гастролашца чекхъяьлла «Вайнах» ансамбль.

Иштта, кхиаме дара 2019- гIа шо иллин а, хелхаран а «Нохчо» ансамблана а. Бекарг баттахь ансамбло дакъалецира Москвахь дIаяьхьначу Халкъан искусствон «Танцуй и пой, моя Россия» ерригроссин III-чу фестивалехь.

Иштта, иллин а, хелхаран а коллективо дакъалаьцна Хазаллин а, спортан а «Sport beaute» дуьненаюкъарчу фестивалехь (ГIирмехь оханан баттахь), Оьрсийн эшаран а, хелхаран а «Дорогая моя Русь» дуьненаюкъарчу IIчу фестивалехь (Францин гIаланашкахь), Ерригроссин дешаран «Таврида – 2019» V-чу форумехь, Фольклоран «Дети мира» дуьненаюкъарчу фестивалехь.

Францехь концерташ а дIаяьхьна, Кавказан культурин дийнан гурашкахь Тюменехь, Аштаркханехь дIаяьхьначу концерташкахь а, Бельгехь дIаяьхьначу Кавказан музыкин дуьххьарлерчу фестивалехь а, Санкт-Петербургехь хиллачу Дерригдуьненан туризман организацин коьртачу ассамблейн 23-гIа сесси схьаелларан даздарашкахь а, Москвахь «Зарядье» паркехь вовшахтоьхначу Оьрсийн географин юкъараллин фестивалехь а дакъалаьцна.

«ДоттагIаллин тIай» гастролийн йоккха тур дIаяьхьна ГIезалойчохь.

И дерриге а гIуллакхаш дойла хир дацара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан гIо-накъосталла ца хиллехь. ХIора а кхоллараллин коллективан белхан а, кхиамийн а терго еш ву иза.

Ас даггара баркалла боху цунна республикин культурин декъехь цо мел деш долчунна, цо тхайн белхан ечу тергонна. Цуьнан доьналла а, дикане гIертар а бахьанехь, тахана, вайн халкъ маьрша дехаш ду, сирлачу кханенах тешна а долуш.

Цо говза куьйгалла дар а, иза хьекъале политик хилар а бахьанехь Кавказан жовхIар а хилла дIахIоьттина вайн мохк.

– Соьлжа-ГIалин юккъехь цхьа башха исбаьхьа гIишло ю-кх, массара а тайп-тайпана цIе йоккхуш. Архитектурин кепе диллича, ша саннарг кхин йоцучу оцу башхачу гIишлон бакъйолу Iалашо хIун ю, и культурин объект маца схьаелла лерина ю?

– Соьлжа-ГIалин Даздарийн цIа – уггаре а хаза, исбаьхьайоккха гIишло, ша саннарг кхин йоцу культурин объект ю. Вайн республикин пачхьенан коьртачу сийлаллин меттигех цхьаъ йолу иза, 12 гIат долуш, кIайн тIулгах йина ю.

Исбаьхьачу меттехь йина а ю иза – Соьлжа хин аьрру берда йистехь, яккхийчу гIишлойн «Грозный-Сити» комплексана уллерчу тIайл дехьа.

Оцу гIишло чохь Нохчийн Республикин культурин министерство а, Шахбулатов Iаднанан цIарах йолу Нохчийн пачхьалкхан филармони а хир ю.

Даздарийн цIийнан проектана юкъайогIу театран ши зал – йоккха а, жима а. Церан сценаш тIехь Нохчийн Республикин кхоллараллин коллективаша елла а ца Iаш, дуьненаюкъарчу тIегIанерчу артисташа а концерташ лур ю.

Иштта конференц-залаш а, кхин дуккха а чоьнаш ю цу чохь.

Карарчу хенахь гIишлошъяран белхаш чаккхене боьлхуш бу. Чоьхьара куьцашдаран белхаш бина бевлла, коммуникацеш ялийна.

Герггарчу хенахь вайн культурин министерствона схьалур йолуш ю иза.

– Хож-Бауди, Дела реза хуьлда хьуна, тхан хаттаршна чулацаме жоьпаш даларна. Дала аьтто бойла шун!

Интервью зорбане кечйинарг – А.ВАХАЕВА
№98, гIуран (декабрь) беттан 24 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: