Дукха хан йоццуш Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан валонтерийн тоба №2 йолчу Берийн психо-неврологически цIийнехь хилира.
Волонтерийн тоба шаьш долчу кхачарх боккха кхаъ хиллера заьIап берашна. Царна волонтераша альбомаш а, басарш а, къоламаш а, иштта, стоьмаш а. марзонаш а яьхьнера. ЗаьIап берийн бIаьргаш серладевллера шайна динчу совгIатех самукъадаьлла.
Могаш доцуш хиларе терра, оцу берашка къамел ца далора. Делахь а, волонтераша шайга дечу къамеле леррина ладугIура цара. Церан хIора гIулч берийн семачу тидамехь яра.
Волонтераша берийн самукъадаккха царна культурин программа а кечйинера. Хелхарш деш, иллеш олуш самукъадаьккхира цара. Берашна дицлур доцу той хIоттийра цара.
«Могаш волчу стагана а кхаъ хуьлу шена хазахетар дича, заьIапхочунна-м муххале а. Тхо цаьрца къамеле довла хьаьвсира. Тхоьга ла а дугIуш, шайна а тхоьца хабар дийца лууш леррина тхоьга хьуьйсура уьш. Цаьрга хьоьжуш, цара шайн дегнашца олуш санна хеталора. Царех хIора бер а догцIеналлех дуьзна, адам дукхадезаш дара. Цаьрца яьккхина хан сан иэсехь юьсур ю», – дийцира вовлонтерийн тобанна юкъахь йолчу Эстамирова Имана.
Иштта, тайп-тайпана ловзарш дIадаьхьира цара берашца. Цул тIаьхьа цхьаьна чай а молуш, мерзачу даарийн чам а боккхуш хан яьккхира. И беркате цхьаьнакхетар дерзош цхьаьна суьрташ дехира.
Берийн психо-неврологически цIийнан куьйгалло баркалла элира волонтерийн тобанна заьIап берийн самукъадаккхарна.
З.ЛОРСАНОВА
