ДIатесна керт

Поэзиезархошна керла ю хIокху байтийн авторан цIе, амма хаалуш ду цунна шена-м поэзи гергара хилар.

Авторан ницкъ кхаьчна вайн заманан лазамах исбаьхьаллин дашца дагахкхеташ долу васт кхолла.

Тхо тешна, ду тIейогIучу хенахь, мелла а алсам шен байташ газетдешархошна цо йовзуьйтург хиларх.

ДIатесна керт

Когашца хьешаза,
уьйтIахь буц яьлла,
ДIатесна беш лаьтта,
гIаьттина къух.
Доладан да воцу
ков басадаьлла,
Баролан, лилхина,
ширбелла бух.

Туьнкалг ю яьржина,
яй а бац кхехкаш –
Байна бу хIусмера
догдохден кхерч.
Ца хеза гIовгIанаш,
ага дац техкаш…
Меллаша леш ма ю
ДIатесна керт.

Кевна тIе боьду некъ,
бай хилла, байна,
Корсамах буьзна бу
кетIара тIулг.
КIеждуьйлуш, кхихкина
дахар дIадайна…
Ойланаш йойтуш ду
гушдолу сурт.

Шен хенахь той-тезет
листинчу кертах
ХIун хилла вели-те
ваьхнарг кху чохь?
Ваьккхи-те бертаза
я вели бертахь,
Ца лайна юьртарчу
дахаран мохь?

Ваха-те дIа иза
дозанал ара
Лаха шен доьзална
генара ирс?
Я гIолехь хийти-те
луларчу гIалахь,
Таръелла шен юьртах
дуьненан йист?

Лурвоьлла стаг санна,
беркъа а яьлла,
Лаьтташ ю, берд хилла,
дIатеснаерг,
ЦIа варе сатуьйсуш,
дохко а ваьлла,
Ша тесна йитина,
дIавахнаверг.

Довтаев Мовсар
№98, гIуран (декабрь) беттан 24 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: