Соьлжа-ГIаларчу юккъерчу №37 йолчу школехь доьшуш йолуш дуьйна йоккха жигархо яра Еснакаева ПетIамат.

Лакхарчу классашка яьлчахьана дуьйна школин юкъараллин дахарехь дакъалаьцна цо. Иштта, хьалххе дIайолаелла йиш лакха а.
УьссалгIачу классан дешархо яра ПетIамат, «Даймохк» телеканало, халкъан кхоллараллин туьшаца цхьаьна, 2013-чу шарахь дIакхайкхийначу «Нохчийн оьзда йоI» проектехь дакъалоцуш.
Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIошто хьалхатеттина яра иза проектехь дакъалаца. «Нохчийн оьзда йоI» чолхе проект яра. ХIора кIоштара итт-пхийтта йоI хуьлура хьуьнарш къовсуш. Дуккха а хаттарш дара мехкаршка деш: нохчийн къоман историх, культурах, литературах, динах.
Цул сов, кхача кечбарца, гIиллакх-оьздангалла лелорца, хелхарца, эшаршлакхарца шайн говзалла гайта дезаш дара зудабераш а, ткъа иштта, мехкарий а. Цецах санна, литтиний бен шолгIачу туре бовлуьйтуш бацара. Амма ПетIамат тергамхойн (жюри) массо а хаттарна жоп делла, шайн кIоштахь толам баьккхина ца Iаш, Соьлжа-ГIалин еа кIоштан мехкаршна хьалхаяьлла, финале кхечира.
Оццу шарахь Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаменто дIакхайкхийначу «Парад голосов» проектехь дакъалоцуш а хиллера иза. П.Еснакаева оцу проектехь а толаме кхечира.
Цундела, 2014-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Столица» ансамбле балха дIаийцира къона эшаршлакхархо. БIаьстенан зазанца йохьеюьйлу хазалла, сцени тIехь товш куц-кеп, зевне аз ду цуьнан. Оьздачу кхерчара схьаяьлла цIена нохчийн йоI ю Еснакаева ПетIамат.
Балха яханера аьлла, Iилмане ца кхевдаш ца Iийра иза. Балхана юкъара ца йолуш, 2018-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхира Татаев Вахин цIарах йолу Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствийн а колледж.
2016-чу шеран оханан (апрель) беттан 1-чу дийнахь дуьйна, Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонехь болх беш ю иза.
Къона елахь а, вайн махкахошна дукхаезаш артистка а ю. Къаьсттина ладогIархошна дукхаезачарах ю цо дIалокхуш йолу «Зама», «Хьо сан хир ву», «Оьзда хийтира», «Даймохк», «Даймехкан къонах», «Ехар ю», кхийолу эшарш.
Нохчийн къоман музыкин культура кхиорехь цо къахьегар тидаме эцна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка» сийлахь цIе елла Еснакаева ПетIаматана.
Цунах дозалла деш, даима а керлачу анайисте кхийдаш, хаддаза къахьоьгуш ю къона эшаршлакхархо.
А.АРАПХАНОВА
№98, гIуран (декабрь) беттан 24 де, 2019 шо