Вай долчохь – хьошалгIахь

2019-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-чу дийнахь вай долчохь хьошалгIахь хилира луларчу Дагестан республикера Э.Капиевн цIарах йолу гIазгIумкийн пачхьалкхан музыкин-драмин театр.

Оьрсийн яздархочун Гоголь Николайн «Ревизор» комеди тIехь хIоттийна спектакль яра хьешаша вайн махкахошна гайта еънарг.

Спектакль хIоттийнарг вайн махкахо, Россин халкъан артист, похIме режиссер Хакишев Руслан ву. Иза дуьххьарлера спектакль яц Руслана гIазгIумкийн къоман театран сцени тIехь хIоттийнарг. Мольеран пьеси тIехь «Плутни Скапена», Дагестанерчу драматурган Ц.Камаловн пьеси тIехь «Хан Муртазали» спектаклаш хIиттийнера вайн махкахочо. Уьш хазахетарца тIелаьцнера вайн луларчу республикин хьовсархоша.

Хакишев Руслана хIоттийначу «Ревизор» спектаклан премьера 2019-чу шеран хIутосург (май) беттан 20-чу дийнахь хилира ХIинжа-ГIалахь. Оцу спектаклан премьерехь Дагестан республикин куьйгалхо Васильев Владимир а, иштта кхиболу хьаькамаш а хилира. Хьаькамаша, могIарерчу хьовсархоша хазахетарца тIелецира вайн махкахочо хIоттийна спектакль.

2019-гIа шо РФ-н Президентан Указаца Театран шо кхайкхийна хиларца доьжна, Къилбаседа Кавказан дукхахйолчу гIаланашкахь гайтина гIазгIумкийн къоман театран «Ревизор» спектакль. Къаьсттина боккхачу кхиамца чекхъелира иза ГIебартойнБалкхархойн коьртачу шахьарахь Нальчикехь.

Вайн хьовсархоша а боккхачу дегаайамца тIелецира хьешийн спектакль. Къаьсттина вайн махкахошна тайначарах дара Дагестан Республикин хьакъволчу артиста Сурхатилов Мохьмада кхоьллина Городничин васт а, Дагестан Республикин халкъан артиста Магомедов Аслана кхоьллина Хлестаковн васт а.

Кхин хIумма дацахь а, спектакле хьовса баьхкинчу студенташна, дешархошна цкъа а шен мехалла йоврйоцу оьрсийн сийлахьчу яздархочун самукъане говзар йовзийтира театро.

Кегийрхоша книгаш ешар гIелделлачу хенахь цул мехала хIун хир ду?

Газиева Аза
№97, гIуран (декабрь) беттан 20 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: