ТӀедогӀучу шеран бӀаьстенан чаккхенехь хийцаделла хир ду мобилан а, интернетан а операторша республикехь бечу белхан хьал. Оццул хан елла царна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа.

Оцу хена чохь шайн-шайн зӀенан дикалла лакхаяккха а, тарифийн политика хийца а декхарийлахь бу #МегаФон, #Билайн, #МТС, #ВайнахТелеком, #Электросвязь операторш.
Цул сов, цара, шайн зӀеца, «хьалаюза» езаш ю ГаланчӀожан, Веданан, Шаройн, Шуьйтан, Итон-Кхаьллан кӀошташ – сеть цӀинъярца а, шоръярца а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администраци оцу декъехь гӀо-накъосталла дан кийча хилар а хаийтира Таймасханов ГӀаласа.
И.ИСЛАМОВ
№97, гIуран (декабрь) беттан 20 де, 2019 шо