Россин Федерацин Правительствон 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 31-чу дийнахьлера леррина сацам кхочушбаран гурашкахь кӀоштийн вовшашца долу дозанаш къасторан болх чекхбаьккхина Нохчийчохь.

Telegram чуьрчу шен каналехь цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Дагадоуьйту карарчу шарахь, и болх дӀабахьарца доьзна, Курчалойн а, Гуьмсан а, Шуьйтан а, Грозненски а, Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а, Соьлжан (Эна-Хишкан) а кӀоштийн а, иштта, Соьлжа-ГӀалин а, Устрада-ГӀалин а округийн а дозанаш хийцаделла хилар. Иштта, Telegram чуьрчу шен каналехь ша бинчу хаамехь Кадыров Рамзана хаийтира Нохчийн Республикин Соьлжан кӀоштан цӀе «Эна-Хишкан» цIарца хийцар законан ницкъе дирзина хилар а.
Цу кеппара, хIокху шарахь Нохчийн Республикин Парламенто дагалаьцна а, шега кховдийна а долчу дIадолорна резахиларца, Россин Федерацин Премьер-министра Медведев Дмитрийс куьг яздина Соьлжан кIоштан цIе хийцаран хьокъехь болчу сацамна.

Д.Медведевс куьг яздинчу, Россин Федерацин Правительствон 2019-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 11-чу дийнахьлерчу №2982-р йолчу сацама тIехь билгалдаьккхина: «Географин объектийн цIерийн хьокъехь долчу» Федеральни законаца нийса а догIуш, Нохчийн Республикин Парламентан дIадолорца доьзна а, Нохчийн Республикехь йолчу Соьлжан кIоштан цIе Эна-Хишкан кIошт цIарца хийца».
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо социальни сетерчу шен агIонехь билгал ма-даккхара, дика кхиъна а, кхуьуш йогIуш а, инвесторийн тидам тIеозош а ю Соьлжан (хIинца – Эна-Хишкан) кIошт.
ТIаьхьарчу хенахь дукха социальни объекташ а йина, инфраструктура а меттахIоттийна цигахь.
Дукха хенахь дуьйна саьнгалан дарбанечу хишца а, «Серноводск-Кавказский» курортаца а гIараяьлла хилла ю кIошт.
ХIокху шарахь цигахь схьайиллина керла йоккха лазартне а.
А.ВАХАЕВА
№97, гIуран (декабрь) беттан 20 де, 2019 шо