Путин Владимир: «…Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кхоллам шуна бевзаш бу. Террористийн карах кхалхар хилла цуьнан. Нохчийн халкъан а, Нохчийчоьнан а, Россин а дуьхьа кхелхина ву иза. Ткъа цуьнан кIант – Нохчийн Республикин хIинцалера Куьйгалхо – Кадыров Рамзан а ву, денна а шен дахарна кхерам хиларх юха ца волуш, тIеман операцешкахь ша дакъа а лоцуш, Даймехкан дуьхьа къахьоьгуш…

Ас Россин Турпалхочун цIе атта цхьанна а луш яц. Соьлжа-ГIалах хилларг гинерий шуна суьрташ тIехь? Сталинградан тIом хиллачул тIаьхьа Сталинград муха яра? Иштта яра-кх Соьлжа-ГIала. Ткъа хIинца муха ю хьовсийша. ХIинца цигара хьал чIогIа хийцаделла.
Кадыров Рамзанна-м Россин Къинхьегаман Турпалхочун цIе а йогIура, республика меттахIотторна. ХIумма а дац, къона ву хIинца а, кхуьур ву…»
(Россин Федерацин Президента Путин Владимира селхана дIаяьхьначу пресс-конференци юкъара)
№97, гIуран (декабрь) беттан 20 де, 2019 шо