Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу тIедогIучу 2020-чу шарца!

Хиндолчуьнца боьзна даима а баккхий сатийсамаш хуьлу вайн, дикачух дог тешна а хуьлу вай даима а. Керлачу шарахь шун аьтто хуьлийла а, аш дага мел лаьцнарг кхочушхуьлийла а лаьа суна.

Чекхдолуш долу шо, кхузахь хилла хиламаш тидаме эцча, чIогIа беркате хилира Нохчийн Республикина.

Вайн Правительствос а, министерствоша а, ведомствоша а цхьабарт болуш, каде болх бар бахьана долуш, республикин экономикин коьрта дакъош кхиорехь хаъал кхиамаш баха а, дерриге а социальни декхарш кхочушдан а, кхерамазалла а, юкъараллин къепе а чIагIъян а аьтто баьлла.

Инвестицеш юкъаозоран декъехь а пайде дара 2019-гIа шо. Уьш, 2018-чу шарахь хиллачул а, 27,9 процентана алсам юкъаозо аьтто белира. Промышленни производство 20 процентал сов алсамъяьлла, 22 процентана алсамбаьлла юьртабахаман сурсаташ арахецаран барам.

Бюджетера йоцучу инвестицийн чоьтах кхочушйина 163 проект, кхоьллина 2000 сов керла белхан меттиг. Кхочушъян йолийна кхин а 620 проект. Ткъа и бохург ду – герггарчу шерашкахь вай кхин а 19 эзар сов белхан меттиг кхуллург хилар.

Ян а йина, шайх пайдаэца а йолийна 600 эзар квадратан метран барамехь керла хIусамаш. ХIинца а дIахьош ду Нохчийчоьнан бахархой токхамаш хуьлучу кхерамечу меттигашкара дIакхалхор.

2019-чу шарахь керла хIусамаш елла 1 850 стагана, планехь хилларг 1 747 стаг бен воццушехь. Белхазалла 8 проценте кхаччалц охьаяьлла, и гайтам кхидIа а лахбарехула болх беш а ду вай.

Цул сов, карарчу шарахь схьайиллина 15 керла школа, болх бан йолаелла 1 660 берана лерина 22 берийн беш. Дешаран декъехь бIаьрла хилам бара Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьна Ерригроссин «Россин шеран хьехархо – 2019» 30-гIа юбилейни конкурсан финал.

Сихачу боларца кхуьуш ю республикехь туризм. Хазахетарца Россера а, дозанал арахьара а эзарнашкахь хьеший оьху Нохчийчу, вайн мохк бовза а, кхузахь садаIа а лаам болуш.

Оццу хенахь вай долчохь дIахьош бу берригмуьрийн «Ведучи» курорт а, доьзалан садаIаран «Къоьзан Iам» база а, «Соьлжа-ГIалин хIорд» комплекс а шоръярехула белхаш, кхочушъеш ю керла проекташ, алсамйовлуш ю турмаршруташ.

Цу декъехь дика болх бар бахьанехь хIокху шарахь туристийн барам 58 процентана алсамбаьлла, 160 эзар стаге а кхочуш. ХIокху шеран къоман проекташкахула дага мел лаьцначу гайтамашка кхаьчна Нохчийн Республика.

Кхиамца чекхдаьккхина Нохчийн Республикехь МогашаллаIалашъяран шо. Керланаш йина а, ширанаш тойина а чекхъяьккхина 19 больница, керла эцначу кхузаманан медицинин гIирсийн барам – 180.

ХIинца вайн больницашкахь а, клиникашкахь а уггаре а керлачарах гIирсаш бу, планаца нийса а догIуш, лоьрийн говзалла лакхаяккхарехула, медицинин декъехь къона говзанчаш кхиорехула дIахьош болх бу. Иштта мехала хилам хилира республикехь медицинин сихачу гIоьнан Диспетчерийн юкъара туш схьаеллар.

Вайн аьтто баьлла хIинцца дуьнен чу девлла бераш кхалхар лахдан а, иштта (юкъара) адамаш даларан гайтамаш лахбан а, оцу гайтамашкахула (церан дикаллица) махкахь шолгIачу метте кхача а.

2020-чу шарахь вай дIадолош ду рентгенан-радиологин хаамаш кечбарехь кхоьллинчу хьекъалх (искусственный интеллект) пайдаэцаран проект кхочушъяр.

Чекхдолучу шеран кхин а масех мехала хилам билгал ца баьккхича йиш яц сан. Цу юкъахь ду Гуьмсана го тесна боьдучу некъан шолгIа дакъа схьаделлар а, Соьлжа-ГIалин йовхонан-электросерлонан станцин (ТЭС) шолгIа энергоблок схьаеллар а, Соьлжа-ГIалахь промышленностан-производствон кепара къаьсттина экономикин меттиг кхоллар а.

Иштта, билгалдаккха лаьа Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондо республика кхиорехь дина гIо. Фонд бахьанехь аьтто баьлла 652 доьзална хIусамийн хьелаш тодарехь гIо дан.

Иштта, ян а йина, схьайиллина керла каппаш (поселки). ХIусамаш елла, хIусам эцарна субсиди делла 595 стагана. Республикин медицинин учрежденешна уггаре а керлачарах стационаран 3 а, мобильни (дIасаяхьлун) 15 а флюорографин терахьийн комплексаш эцна. Организацешна 38 894 гIирсаш, транспорт, коьчалш эцна.

Шо доладелчахьана Шемарчу бахархошна а, Мьянмерчу мухIажаршна а гIо деш а, лаккхаратехнологийн медицинин гIо оьшу дархой мехкан тоьллачу клиникашка дарба дайта хьовсош а схьаеана фонд.

Нохчийн Республикин бахархошна хилла ца Iаш, ерриг Россин бусалбанашна а боккха кхаъ а, хилам а бара Шела шахьарахь Мухьаммадан Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарах долу «Бусалбанийн дозалла» Европехь а уггаре а доккха маьждиг схьаделлар.

Шеран йохалла дукха рейтингашкахь тоьлла меттигаш йохуш схьаеана Нохчийн Республика. И берриге а кхиамаш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу машаран а, кхиаран а некъа тIехь, цхьабарт болуш, вай къахьегаран жамI ду.

Хьомсара махкахой! Керлачу 2020-чу шарахь ирс, аьтто, машар, могашалла хуьлийла шун а, шун гергарчеран а!

№100, гIуран (декабрь) беттан 31 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: