Керла шо даздарна лерина Соьлжа-ГIалин мэрин хьалхарчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу майданахь дIахIоттийна Нохчийчоьнан коьрта базалг схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Соьлжа-ГIалин мэра Закриев ИбрахIима, иштта, гIалин бахархоша, хьешаша.

– Тахана Соьлжа-ГIалахь къаьсттина хаза ду. Самукъане, къегина, туьйранехь санна, кечйина дIахIоттийна гIала. Баккхийчеран а, кегийчеран а самукъа далийта, къахьоьгуш ду вай. ХIора а шарахь, даханчул а тоьлла, керланиг юкъадалийна карадойду Керлачу шарна кечамаш беш болчара. Ткъа царна оьшучунна тIехь дика накъост хилла схьавогIуш Закриев ИбрахIим. Россин уггаре а тоьллачу гIаланашкахь санна, дика кечамаш бина вай а. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сатийсам, Iалашо яра нохчийн халкъ ирсе дахийтар. Вай оцу некъа тIехь къахьоьгуш ду, Дала мукъ лахь! – элира Кадыров Рамзана.
40 метр лекха базалг хазйина 8 эзар тайнигаца, ловзоргаца. 6 километр деха бес-бесара кочарш а оьхкина цунна тIе.
Кху шарахь дуьххьара вовшахтоьхна, базалгана юххехь дIахIоттийна, чухахкалун гуо.
Концертан программа дIаяьхьа кечйина йоккха сцена.
Нохчийчоьнан коьрта базалг схьайоьллуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу гIоьналлин фондерчу ГIура-Дадас берашна совгIаташ дийкъира.
ВЕГИЕВА Макка
№100, гIуран (декабрь) беттан 31 де, 2019 шо