Дуьххьара сцени тIе яьлчахьана, шена тIе тидам ийзош ю Кавраева Малика. Хазаллица, зевнечу озаца, сцени тIехь товш куц-кеп хиларца къаьсташ яра иза шен белхан накъостех.

Нохчийн маттахь эшарш лекхна Iаш яцара иза. Цуьнан репертуарехь оьрсийн маттахь, ингалсан маттахь яра эшарш. Бакъду, муьлххачу маттахь Маликас дIалокхуш йолу йиш ладогIархойн даг чу кхочуш, лирикин турпалхочо далхочунна декъаийзош яра.
Цул сов, гуш дара йоI, ларамаза сцени тIе кхаьчна цахилар а, ира хьекъал, кIорггера хаарш цуьнгахь хилар а. И дерриге а шен цхьа бух болуш хиллера.
ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь дIаяхана Кавраева Маликин бералла. Цунах луьрачу тIемийн бер ала мегар ду. Амма вайн махка хьийзинчу сингаттамийн ницкъ ца кхаьчна Маликин амал кагъян.
Аганахь дуьйна, нохчийн къоман мукъамашна юкъахь хьалакхиъначу йоIа, дерриге а дахарехула чекхбоккхуш бу музыке болу безам. Цу тIехь Маликин мелла а ирс хилла ала мегар ду. Цуьнан нана Апаева Зина музыкин хьехархо яра. Цунна хьалха хьалакхуьуш йолу йоI, мукъамех марзооьцуш яра. Цаьрга ховха безам а дукха хьалхе кхоллабелира цуьнан.
Соьлжа-ГIаларчу №60 йолчу юккъерчу школехь доьшуш йолуш дIайолаелира Малика эшарш лакха. Массарна моьттура школа чекхъяьккхина яьлча, цунах артистка хир ю. ЙоIана шена лаьара оцу атта боцчу новкъа яла. Делахь а, школа чекхъяьккхина яларх, Малика сих ца елира сцени тIе яла. Иза цкъа Нохчийн пачхьалкхан университете деша яхара, лоьран корматалла караерзо.
2013-чу шарахь кхиамца университет чекхъяьккхира Маликас. Амма музыке болу безам чIогIа хиллера. Университетехь доьшуш йолуш дуьйна эшарш локхуш яра йоI. 2013-чу шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь Шахбулатов Iаднанан цIарахчу филармоне балха яхара иза. Малика балхана юкъара ца йолуш, кхин цкъа а деша яхара Нохчийн Республикин хьехархойн институтан музыкин факультете.
Сцени тIе яьлла дукха хан ялале, шен зевнечу озаца вайн махкахойн дегнаш йийсаре лаьцна эшаршлакхархочо. Къаьсттина ладогIархошна дукхаезачарах ю цо дIалокхуш йолу «ГIалаташ», «Нана», «Малика», «Ларбелахь безам», «Къонахий», иштта, дуккха а кхийолу эшарш.
Нохчийн къоман музыкин культура кхиорехь хьегна къа тидаме эцна, 2018-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка» сийлахь цIе елла Маликина.
А.АРАПХАНОВА
№100, гIуран (декабрь) беттан 31 де, 2019 шо