Нохчийчохь дIадаьхьира эвлаяъ Кишин Кунта-Хьаьжа паччахьан Iедало махках ваьккхина де, оцу дийнахь хилла сингаттаме, Iовжаме хиламаш дагалацарна лерина гIуллакхаш.

Коьрта гIуллакхаш дIадаьхьира Шела гIалахь. Эвлаяан 300 мурид дIавоьллинчу кешнашкахь вовшахкхеттера Кунта-Хьаьжин муридаш, ткъа иштта, вайн республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Абдулаев Аслан, Шелан кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела, Кунта-Хьаьжин тIаьхьенах волу Сайфудди ИбрахIим Кунта, цIеяххана болу Iеламнах, тайп-тайпанчу вирдийн векалш.
1864-чу шеран кхолламан (январь) беттан Iаьнан шийлачу деношкахь, шайн устаз маьршаваккхар доьхуш гулбелла хилла цуьнан муридаш паччахьан эскарша хIаллакбина хилар карла а доккхуш, Межиев Салахь-Хьаьжас дийцира Кишин Кунта-Хьаьжас Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а бусалба дин чIагIдарехь, халкъашна юкъахь барт, машар барехь лелийначу доккхачу маьIнех лаьцна.
Цул тIаьхьа, цигахь вовшахкхеттачу эзарнаш, эзарнаша бусалбанаша Деле доIа дира, Нохчийчохь йолу маршо ларъяр, халкъийн барт чIагIбар доьхуш.
Иштта, оцу дийнахь Нохчийчуьра а, луларчу регионашкара а эзарнаш бусалбанаш Эртанахь, Кунта-Хьаьжин ненан Баба-Хедин зератехь хилира. Цара зуькарш а дира, Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а доьхуш, Деле доIанаш а дира.
Оццу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Сунженски урамехь керла маьждиг схьадиллира. Иза Нохчийчохь дика вевзаш хиллачу Хазуев Шайхин цIарах ду.
Ш.Хазуевс дуккха а шерашкахь болх бира Технологин а, атомин а терго латторан урхаллин куьйгалхо волуш. Иза кIорггера хаарш долуш, Делах тешар чIогIа долуш бусалба стаг вара.
Кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь Нохчийн Ре спубликин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан Юкъараллин фондо республикерчу гIийла-мискачу нахана 40 эзар гергга кхачанан сурсаташ чохь долу тIоьрмигаш сагIина дIасадийкъира.
Хьаьжа махках ваьккхина де дагалоцуш регионерчу ерриге а гIаланашкахь а, кIошташкахь а зуькарш а дира, мовладаш а дийшира, сагIанаш а дехира, сийлахь Къуръан а дийшира, шен муридийн дог делхош, бIаьрг белхош махках ваьккхина Кунта-Хьаьжа хестош назманаш а элира.
Д.АНАДЕВ
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2020 шо