Нохчийн Республикин хIорашеран «Синмехаллаш» телепроектан XI-чу фестиваль-конкурсан финал дIаяьхьира Республикин М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь.

Цигахь дакъалоцуш вара проектан автор, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, культурин а, юкъараллин а, интеллигенцин а векалш.
Кегийрхой кхетош-кхиорехь кIоштийн, гIаланийн культурин дакъойн белхахоша шаьш долчохь Iамийначу кегийрхошна юкъахь дIахьош ю «Синмехаллаш» телепроектан фестиваль-конкурс.
Проект де-дийне мел дели хазлуш, шорлуш, кегийрхошна юкъахь гIиллакхаш хаар зуьйш дахьош йолу цхьайтта шо ду.
Финале евллачу командаша къовсаман дакъа дIадололе хьалха вистхилира Кадыров Рамзан: «Культурин министерствос а, «Грозный» телеканало а, кIоштийн культурин цIенойн белхахоша а цхьаьна беш болчу балхах вайна боккха пайда баьлла. ХIокхара мел гойтуш долу сурт вайн дайша лелийна, царна тIехIиттина, цара лайна хIуманаш ду. Цул сов, халачу заманахь вайн дайша ларйина нохчалла, дин, яхь, синмехаллаш. Цул деза цхьа а хIума дац. Вайн къоман хелхар, мотт, гIиллакхаш, нохчалла дIа ца ялийта беш болх бу хIара. Вайна дин лардарехь ондда агIо хилла лаьтташ ю нохчалла. ХIора а доьзалехь цхьаьна хьовсуш, хIокху проектан тидам бан луур дара суна вайн махкахоша. Дуккха а нах бу «Синмехаллаш» проектана тIехь болх беш. Шуна массарна а Дела реза хуьлда. Тешна ву, вайн махках, маттах, къомах, дIабевллачу а, хIинца болуш болчу а къонахех баккхийбеш хир бу тIекхуьу кегийрхой, аьлла».

«Синмехаллаш» фестиваль-конкурсан финал / дакъалацархойн гайтам
«Синмехаллаш» телепроектан XI-чу фестиваль-конкурсан финалехь дакъалоцуш яра ХьалхаМартан кIоштан а, ТIехьа-Мартан кIоштан а, Эна-Хишкан кIоштан а, Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан а белхахоша Iамийначу кегийрхойн командаш. Конкурсан тайп-тайпанчу номинацешкахь финалисташа шайн вокальни хьуьнарш, халкъан музыкин гIирсаш лакха хаар гайтира, ткъа иштта, нохчийн къоман гIиллакхийн а, ламастийн а дакъошкахула долу шайн хаарш довзийтира.
Чулацаме а, дагахкхеташ а сценкаш яра хIора а командо гайтинарш.
Жюрин жамIашца хьалхара меттиг яьккхира ТIехьа-Мартан кIоштан командо, шолгIа меттиг – Хьалха-Мартан кIоштан командо, кхоалгIачу меттехь яра Эна-Хишкан кIоштан команда, ткъа йоьалгIа меттиг кхечира Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан командина.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо хьалхара меттиг яьккхинчу командина совгIатана цхьа миллион сом ахча делира, иштта, деза совгIаташ дира шолгIа а, кхоалгIа а, йоьалгIа а меттигаш яьхначу командашна.
А-Хь.Кадыровн цIарахчу орденан кавалера, Нохчийн Республикин халкъан иллиалархочо Исмаилов Шарпудис «Синмехаллаш» проектах лаьцна илли олуш ерзийра Нохчийн Республикин хIорашеран «Синмехаллаш» телепроектан XIгIа фестиваль-конкурс.
ВЕГИЕВА Макка
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2020 шо