Дика кIант – гIала…

ерарв

Вайн къоман цхьа хьекъале кица ду «Дика кIант – гIала, вуон кIант – бала» олуш. Муьлха да-нана хир ду шен кIантах, йоIах дика дош хаза ца лууш а, хезча, цунах баккъал кхаъ ца хуьлуш а. Лейпцигерчу университетан магистратурехь доьшуш ву Шелковскера Амирхажиев Нурхьаьжи. Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дIадолорца республикехь кхочушъеш ю дозанал арахьа говзанчаш кечбаран программа. 2009-чу шарахь лерринчу комиссис харжам бинчул тIаьхьа, лакхахь хьахийна программа кхочушъяран гурашкахь Лейпцигерчу университете хьажийра хIетахь Нохчийн пачхьалкхан университетан экономикин факультетехь доьшуш хилла Н.Амирхажиев. Дашо мидалца Шелковскера юккъера школа чекхъяьккхина веанера иза вайн университете. ХIинца ша доьшуш волчу Лейпцигерчу университетехь а дика дешарца а, шен оьзда леларца а билгалваьлла кIант. Цунна тоьшалла ду хIокху деношкахь Москварчу Германин посольствехь йолчу академически хийцамаш баран службо кIентан ден Амирхажиев Урумбин а, ненан Тарлаева ПетIин а цIарах даийтина Баркаллин кехат. Цу тIехь  цара даггара баркалла боху дена а, нанна а иштта дика доьшуш, оьзда кIант кхиорна. Кестта, дешар чекх а даьккхина, хьехархочун-лингвистан а, гочдархочун а говзаллаш караерзийна, Нохчийчоь цIа воьрзур ву къона говзанча.

Хь.АБАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: