Ерригроссин «Росси – таронийн мохк» («Россия – страна возможностей») проектан гурашкахь дIахьур йолчу корматаллин «Хиндолчун хьехархо» конкурсехь дакъалаца 25 эзар хьехархочо заявка чуелла. Билгалъяьлла уггаре а дукха заявкаш чуелла пхи регион. Царна юкъахь вайн республика а ю.

Соьлжа-ГIала / Ерригроссин «Росси – таронийн мохк» проектах лаьцна дийцар
– Конкурсан сайта тIехь дIахьош ду хьехархошна регистраци яр. Цо гойту проект царна оьшуш хилар. Россин ерриге а регионашкара хьехархой бу конкурсехь дакъалоцур долуш. Уггаре а дукха заявкаш чуеллачу регионашна юкъахь ю: Санкт-Петербург, Москван, Кемеровн, Воронежан областаш, Нохчийн Республика. Нохчийчуьрчу эзар гергга хьехархочо хаийтина шаьш конкурсехь дакъалаца лууш хилар. Конкурсехь шайн хаарш зен лууш болчу хьехархошна юкъахь кегийрхойн (30 шо кхачаза) барам 20 процент гергга бу, иштта, 55 шарал лакхара хенаш йолу 800 хьехархо а ву, – билгалдоккху «Росси – таронийн мохк» АНО-н коьртачу директора А.Комиссаровс.
Соьлжа-ГIаларчу Ю.Д.Дешериевн цIарахчу лингвистикин школехь Ерригроссин корматаллин «Хиндолчун хьехархо» конкурсан презентаци хилира.
Проектан куьйгалхочо А.Богданцевс а, проектаца доьзна мероприятеш вовшахтухуш йолчу лакхарчу координатора М.Демьяновас а дийцира конкурсах лаьцна.
Конкурсан Iалашо ю хьехархойн кхидIа а кхиоран гIолацар, вовшах дага а довлуш болх бан Iамор, кхузаманан лехамашна жоп луш йолу кепаш балхана юкъаялаяйтар.
Ахфинале а, финале а бевллачарах Хиндолчун хьехархойн цхьаьнакхетаралла вовшахтухур ю.
Церан аьтто хир бу «Сенеж» дешаран туьшахь а, дешарехь бечу коьртачу хийцамашна юкъахь а дакъалаца.
Л.ДАУТОВА
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2020 шо