Хууш ма-хиллара, Иорданера дуккха а нохчий лаккхарчу даржашкахь бу. Иза ламаст а хилла схьадогIуш ду. Цундела, къаьсттина хазахета оцу махкара беана рогIера хаам а – шайн даржашкахь кхин а лакхаваьккхина нохчийн ши инарла. Вуьйцуш волу ший а нохчи полицин инарла ву – Самир Бено а, Зандакъи Ахьмад Шейкер а.

ХIинццалц Иорданин некъан боламан департаментан куьйгаллехь лаьттина бригадин инарла Самир Бено Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон (пачхьалкхан полици) Коьртачу инспекторан дарже дехьаваьккхина.
Иштта, бригадин инарла волу Зандакъи Ахьмад Шейкерх а тешийна керла дарж – хIинца дуьйна цо куьйгалла дийр ду Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Операцеш дIаяхьаран урхаллина.

Оцу Урхаллин директора коьрта кхачамбацарш а, проблемаш а дIаяхарна тIехь къахьегна ца Iаш, кхерамазаллин аппаратан дерриге а дакъошна юкъахь а зIе латтайо.
Иорданин чоьхьарчу гIуллакхийн министерство (полици) масех департаменте екъалуш ю, шайна юкъахь Некъан боламан департамент а, Наркотикашца къийсам латторан департамент а, Электронни зуламашца къийсам латторан отдел а, кхиерш а йолуш.
И.АДАМОВ
№2, кхолламан (январь) беттан 10 де, 2020 шо