Пачхьенан аэропортана перроран автобус эцна

Соьлжа-ГӀалин дуьненаюкъарчу аэропортана керла автобус эцна – перроран «МАЗ 171». Иза ИКАО-н дуьненаюкъарчу лехамашца йогӀуш а йолуш, 100 пассажирана лерина йолу кхузаманахьлера автобус ю.

ХӀинца дуьйна оцу автобуса чохь дӀасабуьгур бу Соьлжа-ГӀалин аэропортан пассажираш – терминала чуьра кеманна тӀе а, кеманна тӀера терминала чу а.

Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана билгалдаккхарехь, «терминала чуьра кеманна тIекхача а, изза некъ юханехьа беш а пассажираша йоккхург иттех минот яцахь а, республикин куьйгаллина лууш ду и хан а пассажираша тоьллачу хьелашкахь йоккхийла».

ХIинццалц оцу балхана лелийна автобусаш тиша хиларал сов, шира а яра.

XX-чу бIешеран чаккхенехь республикехь хиллачу шина тIамо йохийначу аэропортан инфраструктура ханна меттахIоттийна ю 2007-чу шарахь.

Оццу шеран чиллин (февраль) беттан 19-чу дийнахь аэропортана пачхьалкхан регистраци яран а, чоьхьара рейсаш ян бакъояларан а тоьшалла делла.

2009-чу шеран чаккхенехь Авиацин дуьненаюкъарчу комитета (МАК) Соьлжа-ГIалин аэпорортана дуьненаюкъара сертификат а делла.

Таханлерчу дийнахь оцу аэпортера кеманаш Россин субъекташка (Москва, Санкт-Петербург, Дона-тIера-Ростов, и.дI.кх.а.) а, Хонкара а, Казахстане а, ГIиргIизойчу а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а, СаIудийн Араве а лела.

И.ХАСАХАНОВ
№2, кхолламан (январь) беттан 10 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: