Республикехь фехтованин комплекс а, футболан манеж а йийр ю

Карарчу шарахь Нохчийчохь спортан масех йоккха комплекс йийр ю, шайна юкъахь Къилбаседа Кавказан федеральни округехь а дуьххьарлера футболан манеж а, иштта, фехтованин шатайпа комплекс а йолуш. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра Ханариков Мусас.

ТӀехула тхов а, ши гӀат а, охьахааран 300 меттиг а, футболан майда а йолуш хир йолу футболан дуьххьарлера манеж-комплекс Соьлжа-ГIаларчу спортан дукхахьаштийн «Ахмат-Арена» комплексана гена йоццуш йийр йолуш ю.

Ткъа фехтованин шатайпанчу комплексах лаьцна аьлча, билгалдаккха догIу иза дийнна округерчу спортахошна лерина хирг хилар.

– Дийнна Къилбаседа Кавказера спортахой хир бу фехтованин шатайпанчу комплексехь Iемаш а, кечамаш беш а. Оцу тайпана комплекс яро дуьненаюкъарчу тIегIанера къийсадаларш а, турнираш а дIаяхьа аьтто бийр бу вайн. Республикина мехала объект хир ю комплекс, – аьлла, билгалдаьккхина Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра.

Карарчу шарахь ян мел лерина спортан объекташ къоман «Спорт – дахаран васт» проектан гурашкахь йийр йолуш ю.

2020-чу шарна цунна [къоман проектана – авт.] билгалдаьккхинарг 1 млрд. сом ахча ду.

– Оцу ахчанна юкъа ГТО-н лехамашца йогIуш йолу спортан майданаш яр а, футболан майданаш кечъяр а догIу. 2019-чу шарахь республикехь спортан 8 комплекс а, футболан 3 майда а, ГТО-н лехамашца йогIуш йолу 8 майда а тоян ницкъ кхечира. И берриге а белхаш, кхеташ ма-хиллара, къоман «Спорт – дахаран васт» проектан гурашкахь бина бу, – хаийтина Ханариков Мусас.

Чаккхенехь билгалдаккха догIу, дIадаханчу шарахь, къоман «Спорт – дахаран васт» проект кхочушъярехь дийнна Россехь а хьалхеяьккхинарг Нохчийн Республика хилар.

И.ИСЛАМОВ
№2, кхолламан (январь) беттан 10 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: