Даханчу шеран гIуран (декабрь) беттан 26-чу дийнахь Нохчийн Республикин Парламенто тIеэцна «Нохчийн Республикин Конституцехь хийцамаш баран хьокъехь» долу Конституцин закон къобалдина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнахь. Закон шен ницкъе доьрзур ду кхолламан (январь) беттан 20-чу дийнахь.

Оцу Конституцин законаца нийса а догIуш, иштта, хийцамаш бан лерина республикин Конституцин 59-чу а, 63-чу а статьяшна юкъахь:
59-чу статьяна юкъа керла абзац тоьхна: 4. Нохчийн Республикин махкахь дIахьочу референдумехь Нохчийн Республикин халкъо шен лаам бовзийтталц хийца йиш яц Нохчийн Республикин статус а, Нохчийн Республикин Россин Федерацин кхийолчу субъекташца долу дозанаш а.
Оццу статьян 6-гIа абзац а хийцаелла: 6. Нохчийн Республикина юкъахь ю республикин маьIна долу гIаланаш: Соьлжа-ГIала, Устрада-ГIала, Гуьмсе; кIошташ: ТIехьа-Мартан, Веданан, ГаланчIожан, Грозненски, Гуьмсан, Итон-Кхаьллан, Курчалойн, Теркан, Невран, Нажи-Юьртан, Эна-Хишкан, Хьалха-Мартан, ЧIебарлойн (ЧIебарлан), Шелан, Шаройн (Шаран), Шелковски. Нохчийн Республикин пачхье Соьлжа-ГIала ю.
63-чу статьяна юкъа а ялийна керла абзац: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Нохчийн Республикин Куьйгалхочун штандарт (байракх) ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Iедалан (даржан) коьрта билгало».
И.АДАМОВ
№3, кхолламан (январь) беттан 14 де, 2020 шо