Соьлжа-ГIалин аэропортера хьелаш тодеш ду

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIалин дуьненаюкъарчу аэропортан куьйгаллица.

Соьлжа-ГIала / Аэропорт

Цигахь дийцаре дира республикин «хIаваан кевнашкара» хьелаш тодаран декъехь деш дерг а, дан леринарг а, иштта, хIинцале а бинчу белхийн жамIаш а дира.

ХIинцале бинчу белхан хьокъехь дуьйцуш, гулбеллачара билгалдаьккхира аэродроман майда тойина а, цIанйина а, иштта, аэропортан маьждиг тодина а хилар.

Цул сов, аэропортан дуьненаюкъарчу секторехь йовхояларан система а болх бан йолаялийтина, аэродроман техникина лерина майда тойина, ПДСП-н гIуллакх цIин а дина.

«Динарг кIезиг дац. Делахь а, карарчу шарахь дан дезарш кхин а дукха ду, хIунда аьлча, аэропортан инфраструктура а, техникин хьал а керлачу тIегIане даккхаран Iалашо ю вайна хьалха лаьттарг», – билгалдаьккхира Делимханов Адама.

И.ХАСАХАНОВ
№3, кхолламан (январь) беттан 14 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: