Керлачу шарахь – керла школаш

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах №12 йолу керла школа схьайиллина Гуьмсехь.

Шелковски / Керла йина школа

720 дешархочунна лерина ю и школа. Предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачо йина ю хIора а класс. Цхьана предметана билгалъяьккхина лакхарчу классийн а, юккъерчу классийн а Iилманан-талламан белхаш дIабахьаран кабинеташ а, химин, биологин лаборатореш а ю школехь.

Иштта, йина кхоллараллин дахарна лерина актови зал а, ешаран чоь а йолуш библиотека а, кхачабааран чоь а, спортан йоккха зал а.

Даздаран хьолехь керла школа схьайоьллучохь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов Муса, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, республикин Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхо Закриев Сахьаб.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, шен а, гуьмсахойн а цIарах, даггара баркалла элира Закриев Сахьаба.

Вайн массарна дика хууш ду, вайн мехкан Куьйгалхочо дешарна мел терго еш ю. Берийн дешарна аьттонаш кхуллуш къахьоьгуш ву иза. Дешаран керлачу хIусамехь дика ца деша цхьа а бахьана ца дуьтуш, берриге а аьттонаш бина. Дог тешна ду, шу, дика деша а дешна, Ахьмад-Хьаьжин некъ дIакхехьа хьакъ долуш, яхь йолуш кхуьур ду аьлла, – элира С.Закриевс.

Иштта, вай лакхахь билгалбаьхна куьйгалхой тIеийцира Шелковски кIоштан администрацин куьйгалхочо Хаджиев Хьамида а.

Шековскехь а дара дезде. Цигахь а схьайиллира 720 дешархочунна лерина керла школа. ХIокху заманан технологех пайдаоьцуш, цхьана предметана лерина масех кабинет а йолуш, библиотека, кхачабааран чоь, спортзал а йолуш, пачхьалкхан стандартаца йогIуш ю школа.

Меттигерчу бахархойн дехарца Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тиллина школина.

Россин дукхахйолчу регионашкахь дац кхузахь санна, денна а, школаш схьайоллуш, дешарна аьттонаш беш долу хьал. 2020-чу шарахь, вайн республикехь схьайиллина 14 школа. Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIонакъосталлица бен далур доцуш хIума дара иза. Мел боккха тIом, харцо сацо ницкъкхочушдерг цхьа герз бен дац – иза Iилма ду. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьекъало а, цуьнгахь хиллачу Iилмано а сацийра Нохчийчохь хилла тIом, харцо. Цунах масал а эцна, шен ден некъа тIехь къахьоьгуш волчу Рамзана, берашкахь Iилма хилийтарна берриге а аьттонаш бо. Иза доккха беркат ду вайна массарна а, – элира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала.

Ламасталлин, цIен аса хадийна, схьайиллира школа.

Керлачу школин хьелашка хьаьвсира хьеший. Шайн бераллехь цахилларг, тIекхуьучу тIаьхьенан долуш, баккхийбуьйш бара уьш.

Хьехархоша а, дешархоша а, берийн дай-наноша а даггара баркалла элира мехкан куьйгалхошна.

ВЕГИЕВА Макка
№3, кхолламан (январь) беттан 14 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: