Нохчийчохь массанхьа а кхиош а, кхуьуш а ду боча бIар.

Делахь а, вайн дайшна зеделла хилла боча бIар хьаьжкIаш дика кхуьучохь дика кхуьуш хилар. Иза бекарг (март) беттан юьххьехь дIадуьйш хилла, орамна буха тIулг а буьллуш. ТIулг буьллуш хилла орамаш кIорга лаьттах ца дахийта, уьш дIасадаржийта.
Нохчаша даима а лелийна боча бIараш. Дарбане лерина церан тIамарш. ТIамарш еккъа а йиъна. Уьш тухуш хьовланаш деш хилла. БIаран тIамарш мазца юуш а хилла. БIарех варенеш еш а хилла, тIум чIагIъялале хьалха бIараш схьа а дохуш.
Вайн дайша боча бIарин тIамарш дарбане лоруш хилла пехашца, зорхица лазарш долчарна. Мазца цхьаьна йиъча цара шелвалар дIадоккхуш а, пехаш цIандеш а гIо до.
Делахь а, мецачу чоьнна тIе еккъа бIарин тIамарш дукха яар зорхина дика лоруш ца хилла. Уьш хьелийн даьттанца, тIоца, мазца цхьаьна яаро могашаллина зен дийр дац.
Боча бIарин тIамарш екъачу меттехь латто еза. ТIуьначу меттехь сиха телха уьш, матар юлу, чомах телха.
Вайн дайша, дукха хьолахь, тхевнаш тIехь Iалашдора бIараш, дехкий тIе ца кхачийта, цхьана хIуман чохь (гали чохь), тховх хьала а ухкий.
З.МАДАЕВА
№3, кхолламан (январь) беттан 14 де, 2020 шо