Шераш д1аэхарца сан цецвийлар т1етт1а алсамдоккху йозанан дешан цхьаболчу векалша. Царна х1ун ду ца хаьа эхь-бехк бохург, б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна харцдерг ч1аг1дан кийча бу уьш, нагахь цунах шайна цхьа пайда хир бу аьлла хетахь. Дахаран хатI хилла д1ах1оьттина царна 1аьржаниг кIайдан, к1айниг 1арждан гертар.
Ма-дарра аьлча, уьш кийча бу, бакъ-харц хьесапе эцар доцуш, муьлхха а «леррина долу дехар», шайн офисийн корех ара а хьоьжуш, сихха кхочушдан, цуьнан т1аьхьенан ойла ца еш. Нагахь санна ас дуьйцург шайна харц хетахь, схьаелла Интернет, цуьнан цхьайолу сайташ. Бакъонца цхьа к1ира а ца долу «диканиг луучара» Нохчийчоьнах, цуьнан Куьйгалхочух «цхьа керланиг» дуьненна «ца довзуьйтуш». Бен а дац иза селхана хиллехь а, я итт шо хьалха цунах лаьцна дийцинехь а. Коьртаниг лору цара цхьана хенахь кхоьллина мотт-эладита карладаккхар, цунах кхин цкъа а тешо г1ортар.
Аьллачунна къеггина масал ду ИноСМИ сайта техь Липман Марияс (Бельги) билггал 1алашо хьалха х1оттийна дукха хан йоццуш вовшахтоьхна хилла чалхаш, сан кхетамехь, статья-м цунах олийла а дац. Хьалха дийцина хиллачул керла х1умма а дац цу т1ехь: шен «гуларшкахь» автор кхин цкъа а гайта г1оьртина Кадыров Рамзан «мел къиза стаг» ву, долуш дерг «ма-дарра гайтарца» евзаш хиллачу журналисткица Политковскаяца цхьайтта шо хьалха интервью лучу хенахь хилла юкъаметтиг, цунна кхерамаш тийсар. И дерриге а дагалецарца цхьаьна автора шена хало ца йина оцу чолхечу хенахь республикин премьер-министран нуьцкъаллин блокана т1ехь куьйгалла деш волчу заместителера, шена хетарг ма-дарра д1аолуш иза вуйла а хууш, террористашца къийсам латторан хьолах дерг хаарал совнаха, х1ун хаза лууш, я ма-дарра аьлча, х1етахь шен йозанашца билгалъяьлла хилла журналистка х1ун даккха яханера боху хаттар х1отторца. Стенна оьшу иза? 1алашо кхин хилча-м муххале а.
Липманна а, и санна болчу кхечу журналисташна а хаийта лаьа цо хьехош волу Басаев а, кхиберш а дуьххьалд1а Кадыров Рамзанан а, цуьнан бIанакъостийн а хьуьнар бахьанехь х1аллакбан ницкъ кхаьчна хиларан хьокъехь. Кхузахь дехаш долчу тхуна, меттигерчу журналисташна тоъалчу барамехь девзара республикехь долу хьал, гора маьрша даха сатесна долчу адамашна зуламе евлла и г1еранаш цуьнга бен совцалург цахилар. Цуьнга хьаьжжина г1олацар а карадора. Бакъду, долуш долчу хьолан и аг1о гайтар яцара «Керлачу газетан» журналистийн х1етахь а, нохчийн халкъан дахаран оцу муьрана ма-хуьллу алсам т1е ченаш хьекхар шайна хьалха 1алашо х1оттийна болчу Липмангеран а 1алашо. Сом луш верг резаван г1ерташ, цуьнан «дехар» дика кхочушдан болчу лаамца «къахьоьгуш» болчара дерриге а до сирланиг, к1айниг 1арждарна т1ехьажийна. Иза дика гуш ду статьян юьххьера дуьйна чаккхене кхаччалц.
«…Амма кхин а масех шарахь д1адахара бахархошна юкъахь мостаг1аллин г1оьртина хилар, – кхид1а а яздо Липмана. – 2000–2004-чуй шерашкахь ткъа гергга теракт йира боевикаша, герггарчу барамехь 900 стаг х1аллак а хуьлуш. Ишттачарах цхьана терактехь кхелхира Ахмат Кадыров а». Ларамаза дац ас кхузахь авторан йозанан хат1 ша ма-хиллара дитина хилар. Х1ора стеган 1ожалла а боккха бохам бу иза схьаваьллачу доьзална, гергарчарна хилла ца 1аш, кхелхинарг вевзаш хиллачарна, цуьнца юкъаметтиг йог1уш хиллачарна. И бохам кхин а ч1ог1а базло белларш парг1атонна юкъ йихкина, шайн мехкан дуьхьа синош д1адала а кийча къоман бакъболу к1ентий белахь. Автора далийначу терахьна юкъабаханарш бакъонца иштта к1ентий бан а бара.
И мог1анаш яздинчунна къинт1еравала мегар дара оццул к1енташа 1ожалла т1еэцар цхьа мог1арера г1уллакх цо лоруш ца хиллехьара. Масане хуьлу, хьал ца девзаш, я галваьлла яздина хила а тарло. Амма кхузахь данне а кхечу кепара хьал ду. Автор шена хуъушехь лахдан г1ерта цара лелийна маь1на, оцу к1енташа гайтина турпалалла, халкъана хилла эшам. Цхьана а къоман г1иллакхашца, ламасташца дог1уш ца хезна суна, масала, халкъан баьччас 1ожалла т1еэцар мог1арера г1уллакх ларар. Х1аллакьхиларан дозане х1оттийначу халкъо цунах даккха урх шега д1акховдийначу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза) лелийна маь1на лахдан г1ортар санна дара статья т1ехь «царах цхьана терактехь 1ожалла т1еийцира…» боху дешнаш. Хетарехь, авторна доьг1на дац х1етахь, нохчийн халкъана т1ех1оьттина хиллачу бохаман йозалла йовза, дерриге а халкъана т1ех1иттина халонаш шена т1еэца кийча хилла шен баьчча шена юкъара д1авалар нохчийн халкъо мел боккхачу лазамца т1еэцна бохучун мах хадо. Цуьнан планашкахь данне а дацара оцу кепара мах хадор.
Иза ч1аг1до цунна т1аьххье яздинчу мог1анаша а. Х1етахь нохчийн халкъана т1ех1оьттинчу бохаман хьакъ доллу маь1на даккхаран, халахетаран дакъалоцуш кадам баран дешнаш аларан меттана Липмана ерза ца юьту оцу деношкахь халкъан дегнашна хилла чевнаш. Царна т1е х1етахь 1ено долийна д1овш сацош дац тахана а, и 1овжам хилла итт шо сов хан яьллехь а. Массарна а дика дагадог1у хир ду бохам хиллачу деношкахь Россин Президента Кадыров Рамзане ша волчу д1акхайкхар. Оцу хенахь а ца гира, тахана а ца го «диканиг луучарна» пачхьалкхан куьйгалхочо даггара халахетарца бина кадам. Амма церан тидамза ца дисира, Кремлан этикет лар а ца еш, Рамзанна т1ехь спортан костюм хилла хилар. Оцу цхьаьнакхетаран жам1 мухха а хирг хиллехь а, шаьш хьалххе кечдина хилла маь1на доккху йозанан д1овш 1еночара: буо висинчу Рамзанна г1о дийр ду аьлла Путина. Иштта кхиэл йира хетахь «Керлачу газето», кхин хийцам боцуш изза ч1аг1дан г1ерта тахана Липман. Шена алссам 1уналла оьшучу хенахь къизаллица да вийна висинчу жимачу стаге пачхьалкхан куьйгалхочо х1ун аларе сатуьйсура цара, вийнарг Россин цхьана регионан Куьйгалхо хилча-м муххале а?
Липмана ч1аг1дарехь, дерригенна бехке ву Кадыров Рамзан – федеральни центро регионна схьахоьцуш долчу ахчанах муха харжаш йо Кремло таллам ца латторна а, белхазалла лакхара хиларна а, Нохчийчоьнан 2011-чу шеран бюджетехь долу ахча 90 процентана федеральни бюджето луш хиларна а, кхин а масане ду уьш. Синтеме хила мегар ду-хьуна госпожа Липман! Кремлана дика хууш дара хьуна и ахча стенга доьдуш ду. Говзанчашна хетарехь, г1ала меттах1отто иттаннаш шераш оьшура. Итт шо а дац Кадыров Рамзан Нохчийн Республикина коьрте х1оьттина. Д1ахьажа кхузахь хиллачу хийцамашка, йоццачу хенахь меттах1иттийначу, Къилбаседа Кавказехь а уггаре а хазачарах цхьаъ хилла д1ах1оьттинчу Соьлжа-Г1але, кхечу г1аланашка, ярташка. Цигахь ду хьуна и дерриге а ахча. Юьстах ца далийтина цхьа а сом, гуллакхана хьовзийна т1аьххьарчу кепекан биста кхаччалц.
Ткъа белхазаллех дерг аьлча, буьрсачу шина т1еман шерашкахь йохийна ч1анаяьккхинчу республикехь кхечу кепара хуьлийла а дацара. Авторна оьшуш бац оцу декъехь хилла 1аламат баккхий хийцамаш, регионехь белхазаллин барам Россин юкъарчу барамашка кхочуш хилар, и г1уллакх республикин Куьйгалхочо шен х1ора дийнан тергонехь латтош хилар. 2011-чу шарахь экономиста Зубаревич Натальяс динчу хьесапашна т1е а ца тийжаш, тахана республикин экономикехь билггал долуш долчу хьоле хьажа, нагахь хьо нохчийн халкъехь долчу хьолана иштта ч1ог1а саготта елахь! Х1ан-х1а, госпожа Липман, хьуна оьшуш дац х1ора дийнахь ч1аг1луш тхан экономика кхуьуш хилар, юьртан бахамо х1ора шарахь хьалхахьа йохуш йолу яккхий г1улчаш. Хьан дагна хьаам ца бо д1адахана шо чекхдолучу муьрехь ерриге Россин гайтамехь Нохчийчоьнан латталелорхоша баьхначу гайтамаша. Х1унда аьлча, хьан 1алашо кхин ю: бух боцу ширделларг карладаккха, шеко кхолла, ц1ена дерг, сирланиг бехдан г1ертар.
Беламе дац-ткъа Украинехь тахана долчу хьолана, оппозицехь хилла волу политик Немцов верна, цхьамог1а журналисташ (схьахетарехь, юьйцуш ерг Политковская ю), бакъонаш ларъярхой байъарна Кадыров бехке ван гертар?! Иза бехке ван г1ерта шена тешам беллачу халкъан х1ора векал 1ожаллех ларван г1ортарна, цуьнгахь долчу хьолан бала кхачарна. Дукха хан йоццуш Ставропольски крайн бакъонаш ларъяран органаша, герзах пайда а оьцуш, леррина йолу операци д1аяьхьира Соьжа-Г1алин даима а дукха адамаш хуьлуш йолчу туьшахь, церан дахарна кхерам а туьйсуш. Меттигерчу органашна хууш а доцуш, республикал арахьара т1ебаьхкинчара и тайпа г1уллакхаш лелор шена нийса хеташ цахилар д1ахаийтарна а бехк республикин Куьйгалхочунна т1ебиллина Липмана а, и санна болчара а. Иза-м х1унда дуьйцура, ша регионан Куьйгалхо вуйла д1ахаийтинера Р.Кадыровс, ур-аттал Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу регионан юкъараллин фондо малхбалерчу Украине дахьийтина 150 тоннан барамехь долу, шена юкъахь коьртачу декъана кхачанан сурсаташ долуш хилла г1о а, байкершна совг1атана эцна мотоциклаш а шеконе х1иттийна цара-м: оццул ахча мичара даьлла, федеральни бюджетах катоьхна? Сапаргат хила, господаш, д1аьвшечу мог1анийн авторш! Бух боцуш дина цхьа а х1ума карор дац шуна республикехь, х1унда аьлча, деш дерг онддачу талламна к1ел лаьтташ хиларна. Ма леха доцург, ма г1ерта сакхташ леха!
Кадыровс куьйгалла дечу хенахь Нохчийчоьнах шатайпана исламан пачхьалкх хилла, школашкахь Къуръан 1амадо бераша, дуккха а барамехь маьждигаш дина, шайна юкъахь «Европехь уггаре доккханиг а» долуш, ч1аг1до Липмана. Бакъду иза, Ислам дин т1етт1а ч1аг1луш лаьтта республикехь. Цуьнца цхьаьна халкъана, къаьсттина т1екхуьуш долчу чкъурана юкъахь ч1аг1луш ду ийман, оьздангалла, дайн г1иллакхаш, ламасташ. Уьш кхиорна г1о до, Россин кхечу регионийн школашкахь керстадин а санна, школехь динан баххаш 1аморо, маьждигашкахь 1еламнаха беш болчу хьехамаша. Аьлча а, дерриге а т1ехьажийна ду б1ешерашкахь кхечу къаьмнийн векалша йийцина вайн дайн оьздангалла кхин а ч1аг1ъярна. 1аламат мехала ду оцу хьоло кхечу къаьмнашца йолу юкъаметтигаш цхьанаэшшара д1аяхьарна, ч1аг1ъярна г1о деш хилар. Ткъа муха хуьлийла лаьара статьян авторна? Схьахетарехь, Европин, я 1амеркан «демократин» баххаш т1еоьцийла. Иза нохчийн юкъараллехь хиндоцург ду, цуьнга сатийса а ца оьшу. Халкъ, цуьнан т1аьхье тешаме хилла юьсур ю шайн дайн оьздачу г1иллакхашна, масал хилла лаьттар ду кхечу къаьмнашна. Иза ду Кадыров Рамзана шен дахаран коьрта 1алашо йина т1еэцнарг, шен х1ора дийнан г1уллакхашца ч1аг1дан г1ертарг.
Кадыров Рамзана аьлла ма-хиллара, ж1аьлин кепехь летийта тайп-тайпана политологаш, шайн йозанаш д1аьвшах дуьзна болу журналисташ. Нохчийн халкъ ша хаьржинчу некъа т1ера даккхалур дац цхьана а эладитанашка.
БIаьргтоьхнарг — Л.МАГОМАЕВ