Iалханюьртахошна керла тIай тиллина

Хьалха-Мартан кIоштара Iалхан-Юрт шина декъе йоькъуш ду Марта хи. Оцу хина тIехула хIинццалц гIашлойн тIай бен хилла дац.

Машенашкахь болчу юьртахошна а, хьешашна а, юьртан цхьана йистера вукха йисте кхачархьама, автомобилийн «Кавказ» некъа тIехула боккха гуо таса безаш иттаннаш шераш дара.

Ткъа хIинца, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо гIо-накъосталла дар бахьана долуш, иттаннаш шерашкахь Iалханюьртахоша лайна халонаш дIайохур йолу автомобилийн тIай тиллина Марта хина тIехула.

Даздаран хьолехь (цIен аса хадорца а, зуькарш дарца а, мовлад дешарца а), тIай схьаделларехь дакъалецира кIоштан куьйгалло а, Iеламнаха а, бакъонашларъяран органийн векалша а, юьртахоша а.

– ХIара тIай цахиларо дуккха а халонаш латтайора Iалханюьртахошна. Иттаннаш шерашкахь кхара лайна халонаш дIа а йохуш, хIара тIай тилларца цхьаьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо доккха сагIа а, кхаъ а баьккхина меттигерчу бахархошка. ХIара тIай стратегин маьIна долуш лара догIу, – билгалдаьккхира Хьалха-Мартан кIоштан куьйгалхочо Абдурешидов Валида.

Керла тиллина тIай 45 метр деха а, 6 метр шуьйра а ду. «Нартолан» олучу тIайн куьцехь дина а, дерриге а аьчках лаьтташ а ду иза.

Цул сов, тIайна гуонахара меттиг а тойина (350 метр), иштта, Марта хин бердаш а, битаме а далош, чIагIдина – 170 метр.

Кхин цхьа хазахетар а дийр ду юьртахошна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо – бIаьста тIайца хотталуш болчу керлачу некъа тIе силаман чкъор дилла лерина.

ТIайна Магомадов Абу-Бакаран цIе тиллина. Иза юьртахь лоруш хилла хиларал сов, цIеяххана Iеламстаг а хилла.

И.ИСЛАМОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 17 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: