Дог боьхачу наха кхуллу, WhatsApp зIенаша дIасахьо эладита

Ша-ша бен ца тосу моьттуш, телефона тIе мор буьззина SMS-каш туьйсуш, «боккхачу балхахь» дара вайн цхьадолу адамаш дIадаханчу кIиранах.

«Iалелай, махкахой! Терго еш хилалаш! Лоьраш массеран кертахула чекхбовла декхарийлахь бина, арабохуш бу нах медицинин-санитарин гIо дан, кийрара меже дIалуш донор хила кийча бу аьлла, куьйгаш яздайта», – бохуш.

Дуьйцург а хIун ду? Кхин хуьлийла а доцуш, галдаьлларг ду. «Цхьанна адамийн чоконах донорийн меже езаш хилахь, иза хьоьга хоьттуш хIума а доцуш, кхечунна дIаяла хьо декхарийлахь веш ву хIинца дуьйна», бохуш.

Баккъал а, пекъарш ма бу вайн, синкхетам беран болччул бен боцуш оцу эладитанах тешам.

Оцу эладитана дуьхьал кхин дан хIума а ца хилла, леррина, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службин дехарца, пачхьалкхан «Грозный» телеканалана, интернет-агентствошна официальни блиц-интервью елла Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министран заместитела Гадаев Iалама.

«И санна дерг дан а дац я хуьлийла а дац! Донор хилла, меже дIаялар, иза чIогIа мехала, жоьпалле гIуллакх ду, цунна кечам а иштта атта беш бац. Цкъа делахь, цомгашчун а, цуьнан гергарчийн а пурбанца бен дIалуш яц меже. ШолгIа делахь, №323 йолчу Федеральни законо хIора вахархочунна бакъо луш ю шен могашаллин кхерамазалла Iалашъян. И санна долу ирча, бух боцу эладитанаш даржош верг Делан а, нохчийн халкъан а мостагI ву! Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран хьаьрмин кхиам ца лалуш а, вайн пачхьалкхана вуон мел дерг хила лууш а болчу наха кхуллуш ду и эладитанаш. Царах ма теша, цаьрга ла а ма дегIа!», – билгалдаьккхина I.Гадаевс шен интервьюхь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 17 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: