Туристашна лерина йолу программа карарчу шарахь шоръян а, альпинизм а, четарийн спорт а кхио, нохчийн «Чаборз» баггиш тIехь хахкалучарна керла маршруташ а юкъаяха дагахь ю Россин спецназан университет (РУС). Иштта хаам бина университетан куьйгалхочун меттаволчу Коровин Александра.

«ХIинца йолу герз тоха Iаморан а, спортинган а, аэробиргIанан кечамбаран а программаш тIеюза дагахь ду тхо. Тактикин альпинизм а, четарийн спорт а юкъаялийна ца Iаш, туристашна медицинин баххаш довзийтар а дIадоло Iалашо ю. Цул сов, «Чаборз» баггиш тIехь мохк а, мехкан Iалам а довза луучарна керла маршруташ юкъаяхаран декъехь къахьоьгуш ду», – билгалдаьккхина цо.
Коровин Александра дийцарехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийначу Туризман шеран гурашкахь, университет лерина ю Россерчу а, кхечу мехкашкарчу а туризман агентствошца йолу зIенаш чIагIъян а, керлачу тIегIане яха а.
Россин спецназан университет Гуьмсехь еш ю. 450 гектар майда дIалаьцначу оцу комплексехь 95 гIишло а, кхузаманахьлера хаамийн-техникин кхачо а ю.
Цигахь Iама а бо, шайн хаарш тIе а дузуьйту Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин кхийолчу субъектийн а бакъонашларъяран органийн векалшка а, иштта, Iаьрбийн цхьайолчу пачхьалкхийн куьйгалхойн бIаьхошка а. Туристашна лерина программаш а ю университетан.
Туристийн хьокъехь аьлча, билгалдаккха догIу даханчу 2019-чу шарахь Нохчийчу 70 пачхьалкхера 160 эзар сов турист веана хилар, ткъа цул хьалхарчу шарахь – итт эзар кIезиг.
Къаьсттина царна [туристашна – авт.] хазахетачарах бу Веданан (ЧIебарлан) кIоштара Къоьзан-Iам а, Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кIошташкара Органан чIож а, Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а, иштта, «Соьлжа-ГIалин хIорда» тIера музыкин чухчари а.
И.ИСЛАМОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 17 де, 2020 шо