Халачу киртигах чекхдевлира…

1638622

ГIалара аравалале еа-пхеа постах чекхвала везара, хIоранхьа документаш дIа а гойтуш, стенга воьду а, цига вахаран бахьана а дуьйцуш, ткъа вайн  дозане кхачале кхин а иттех постехь юх-юха дийца дезара   новкъаваларан бахьанаш.

Дагестанехь хилларш-м йийца оьшуш а дацара. КIезиг ца яьхкира девнаца цигахула чекхвала дезаш, къепе хIоттош болчара тIе  герз лоьцуш меттигаш.

Iаламат йоккха дуьхьало яра и посташ, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гечдойла цунна) коьртехь а волуш, республикехь Iедалан керла органаш гIуллакх дан юьйлаелча, цара юьхьарлаьцнарг нийса некъ хиларх кхетта, шайн хIусамашка цIа дерза гIерташ долчу адамашна. Федералаша оцу посташкахь цаьрца лелош хилла харцонаш (цхьайолчу меттигашкахь-м, лечкъа а ца деш, кхаьънаш ийдора, алссам ахча ца делча, дехьа-сехьа а ца волуьйтура, иза иштта   хилар цхьаьнгара хезна доцуш, сайна а дуккхазза тIехIоьттинарг дара) совца а йойтуш, царна цIа дерзарна некъ маьрша хилийта безара.

Цунна тIехьажийна   гIуллакхаш сихха дан дезаш хиларх уггар чолхечу муьрехь халкъана коьрте хIоьттина волу Ахьмад-Хьаьжа дика кхеташ хиларна къеггина тоьшалла дара шайна юкъахь эскаран дакъойн векалш а болуш, дерриге а тIегIанийн куьйгалхоша  дакъа а лоцуш, хIора кIирнах дIахьош хиллачу кхеташонехь и гIуллакх шен ерриге а ираллица цо федеральни эскаран дакъойн куьйгалхошна хаддаза хьалха хIиттош хилла хилар. ХIан-хIа, деш дерг дехар  дацара, ондда лехам бара. Цигахь дакъалацар газетийн коьртачу редакторшна тIедиллина хиларе терра, кхечаьрца цхьаьна хIора кхеташонехь   хилла со дуккхазза а теш хилира   республикан куьйгалхочо инарлаш хьала а гIиттош, посташкахь къепе хIотторан декъехь динчух лаьцна цаьрга жоп  доьхуш. Иза ца дан бахьа а ца баьхьара. ХIунда аьлча кхетара, шайга лехам беш верг, халкъо, федеральни центро ондда гIо а лоцуш, бакъволу куьйгалхо хиларх.

Цхьа а тайпа шеко хуьлийла дац Нохчийчохь контртеррористически операцин раж  дIаяккхарна юьхь йиллинарг Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилар. Халкъана маршо яккхарна тIехьажийна ша динчу гIуллакхийн тIаьхье ган цунна доьгIна ца хиллехь а, мах хадийна ца валлал доккха ду, шен Iалашонна тIера юха ца волуш, Ахьмад-Хьаьжас оцу декъехь тIаьхьало йоллуш динчун маьIна. Иза даггара къобалдира халкъо 2003-чу шарахь республикехь дIаяьхьначу референдумехь  шен хьакъ доллу дош аларца, шен куьйгалхочо гайтинчу машаран новкъа дIадаха резахиларан хьокъехь сацам боллуш дIахьедарца.

Цул тIаьхьа а дIаоьхур ду шераш. Федеральни эскаршца цхьаьна Россин кхечу регионашца цхьабосса бакъонаш йолу субъект хилла дIахIоьттинчу Нохчийн Республикехь кхин а жигарабаьккхина дIахьур бу зуламхойн тобанашца латтош болу къийсам, машаран новкъа хIоьттинчу халкъо меттахIиттор ю шен ярташ, гIаланаш, дагна хьаам бийр бу экономика кхиорехь яьхначу хьалхарчу гIулчаша, тIеттIа толуш дIагIур ду адамийн дахаран хьал-де, церан ирсан дуьхьа Iожалла тIеоьцур ю къоман тоьллачу  кIенташа. Тешам боллуш хьалхахьа кхиаран гIулчаш яха долалур ду нохчийн халкъ. Евзар йоцуш кхечу сибате ерзор ю Нохчийчоь гIаланашкахь, ярташкахь еш йолчу иттаннаш гIишлоша, куьце далийначу урамаша, гIуллакх дарна тIеттIа алсам юкъаялош йолчу тайп-тайпанчу предприятеша. Шен дас дIаболийна хилла некъ дIабахьарна тIехьажийна Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан командо дина а, деш долу а гIуллакхаш бIаьрла гуш хуьлу дерриг дуьненна а.

Иза хьесапе оьцуш тIеоьцу федеральни центро республикехь контртеррористически операцин раж дIаяккхаран хьокъехь болу сацам. 2009-чу шеран I6-чу апрелехь тIеоьцу  Iаламат мехала и документ. «Оха боккха там хиларца тIеийци контртеррористически операцин раж дIаяккхаран хьокъехь болу хаам, – элира хIетахь «Интерфакс» агентствона ша еллачу интервьюхь Кадыров Рамзана. – Уггар коьртаниг доллу терроризмаца къийсам латторан декъехь   итт шо хьалха  хIиттийна хилла декхарш кхочушдарца доьзна и раж дIаяккхар.  Тахана Нохчийн Республика, шайна юкъахь политикаш, бизнесменаш, журналисташ, культуран деятельш а болуш, регионе богIуш болчу эзарнаш хьешаша чIагIдеш ма-хиллара, машаре, кхуьуш болу мохк бу, ткъа КТО-н раж дIаяккхаро гIо дийр ду республикин экономика кхиорна».

Шен ондда бух болуш дIахьедар дара  иза. Чекхдаьллачу деа шарахь бакъонца уггар синтемечу регионех цхьаъ хилла дIахIоьттина вайн республика. ТIаьхьало йоллуш кхочушдеш ду билгалдина декхарш: сихдинчу боларшца кхуьуш ю   экономика, тIеттIа лахлуш ю белхазалла. Тахана   ерриге а ойланаш тIехьовсийна  республика Россехь уггар зазадоккхучарах йина дIахIотторна. Иза иштта хирг хиларх цхьа тайпа шеко а ца кхоллало. ХIунда аьлча халкъ шен дош лардан хууш, цунна тешаме хилла диса Iемина хиларна.

Республикин бахархоша боккхачу айамца билгалдоккху КТО-н раж дIаяьккхина де. Кхин цкъа а дагалоцу  оцу новкъахь хилла толамаш, эшамаш. Хиндолчуьнга кхийдайо шайн сирла ойланаш, уьш дахарехь кхочушъярца доьзна билггал декхарш хIиттадо шайна хьалха.  Ишттий бен хуьлийла а дац машаран некъ юьхьарлаьцча.

Л.МАГОМАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: