«Лараме Ӏелин Рашида! Хьан видеокост соьга а, нохчийн халкъе а схьакхаьчна. Хаза дешнаш аларна ас баркалла боху хьуна. Хьан да, Ӏела Мухьаммад, хилла а, хир волуш а ву гоьвалла волу боксер а, лараме стаг а. Исламан мехаллаш гуттар а лерина цо. Нохчийн Республикехь иза кхузаманахьлера гоьвалла стаг санна вевзаш хир ву даима а! Хазахетарца кхойкху хьоьга СоьлжаГIала», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо ВКонтакте чуьрчу шен агӀонехь.

ХIокху деношкахь Ӏела Мухьаммадан йоӀа, ша даржийначу видеокостехь, Соьлжа-ГӀала ян шен боккха лаам хилар хаийтинера.
«Сан ден оццул сий дарна Даггара баркалла боху ас Кадыров Рамзанна а, нохчийн халкъана а! Тхуна боккха юьхькIам а, дозалла а ду иза. Тхан дена чIогIа хазехатар дара ша лелийнарг а, гайтинарг а Нохчийчохь а, дуьненахь а къобалдеш а, дезаш а хилар хиъча. Суна а, сан доьзална а Нохчийчу кхача а, нохчийн халкъан а, мехкан а истори а, Iер-дахар а довза а лаьа», – аьлла дара Iелин Рашидин кост.
Дагадоуьйту 2016-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь Iела Мухьаммадан цIарах проспект хилар. Иза Кадыров Рамзанан дIадолор дара. СоьлжагIалахоша хазахетарца къобалйира иза.
И.ИСЛАМОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 21 де, 2020 шо