Нохчийн Республикин архитектурин а, гIаланаш яран а пачхьалкхан комитетан векалша йовзийтина ГаланчӀожан кӀоштара Ялхара кхиоран концепци.

Цуьнца нийса а догӀуш, оцу кӀоштан коьрта шахьар хила тарлуш ю Ялхара. Ткъа ГаланчӀожан Ӏома тӀехь туризман туш йилла ойла ю туризман-могашаллин комплекс а, доьзалшца садаӀаран хӀусамаш а, волаваларан майда а йолуш.
Цул сов, 4 километр йохалла йолчу канатан ши аса таса а, царна станци ян а тарло.
Иштта, концепци тӀехь гайтина ма-хиллара, Ялхарахь, бахархошна хӀусамаш йина ца Ӏаш, школа а, берийн беш а, маьждиг а, махлелоран туш а, больница а, ветеринарин цӀа а дан догӀу, Ӏедалан органийн гӀишлош а еш.
Билгалдаккха догIу карарчу шеран хьалхарчу деношкахь, Ялхаран ландшафт толлуш, цигахь Нохчийн Республикин архитектурин а, гIаланаш яран а пачхьалкхан комитетан белхахой а хилла хилар.
Цара бинчу талламан буха тIехь хIоттийна ю лакхахь хьахийна йолу Ялхара кхиоран концепци.
И.ХАСАХАНОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 21 де, 2020 шо