Нохчийн мотт кхиорехь — мехала гIуллакх

IMG_1063

Тахана республикин «Даймохк» газетин редакцехь Нохчийн Республикин къоман политикин,  арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь йолчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь нийсаяздарна тIехь терго латторан комиссин кхеташо хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан муфтийн хьехамчас Осмаев Iусмана, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллин психолога-инспектора Алихажиев Аслана, лакхахь билгалъяьккхинчу комиссин председатела Дадаев Сайд-Хьасана, оццу комиссин декъашхоша Юнусов Хьамзата, Аболханов Хьаькима.IMG_1064

Дукха хан йоцуш, Нохчийн Республикехь йолчу Россин МЧС-н урхаллин дехар кхочушдеш, бахархошка пайдаэцийта лерина практикин пособеш гочъярехь къахьегнера«Даймохк» газетин корреспондента А.Мусаевас. Цул тIаьхьа, и материалаш толлуш, нийсаеш болх бира лакхахь билгалъяьккхинчу комиссис. «Психолог тIекхачале долу сиха гIо», «Лазийначунна хьалхара гIо дар» цIерш йолу киншкаш (пособеш) талларехь шайн балхана а, нохчийн мотт кхиорна а дика пайда хилар билгалдаьккхира Дадаев Сайд-Хьасана. Цхьаьнакхетар дерзочу хенахь, билгалъяьхначу киншкашна зорбатохар а, уьш яржор а магийра гулбеллачара.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: