Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан коллективаца а, ткъа иштта, нохчийн меттан хьехархошна а, нохчийн мотт Iамо луучарна а гIоьнна кхоьллинчу «UROK–95» интернет-порталан белхахошца а.

Шо доладарца хуьлучу гIуллакхийн дукхалле хьаьжна ца Iаш, Байханов ИсмаьIал институте варах хаза кхаъ хилира цуьнан белхахошна а, интернетпорталан говзанчашна а.
Цхьаьнакхетаран хьалхарчу декъехь, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата йовзийтира институтан Iилманан Кхеташоно 2020-чу шарахь бан леринчу белхан план а, институтан керлачу лехамашца юьхьарлаьцна Iалашонаш а. Циггахь хьахийра 2019-чу шарахь хилла кхиамаш а.
И.Байхановс билгалдаьккхира, институтан цIе хийцарца доьзна цуьнан куьйгаллина а, коллективана а хьалха лаьтта декхарш, низам, белхан дIахIоттам муха хила беза.
«Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан кабинеташна тIера гIиллакхна, маттана, леларна биста кхаччалц долу дерриге а, шеца нохчаллин суй болуш хила деза. ХIара институт массарна а масал хилла дIахIотта еза нохчийн мотт а, нохчийн къоман гIиллакх а лору а, Iалашдо а меттиг санна. ХIокху чохь вайн махкахь болу нохчийн меттан бу мел боху Iилманчаш бу. Шу дукха а дац. Оха шун ларам а бо. Дукха хьолахь, Iилманан могIаршка керла тIебаьхкинчу кегийрхошка ду сан къамел. Вай сема хила деза къоман хIума лардарехь. Аш хIинцале бина болх а тхуна гуш бу. Тахана санна белхан гIирс: Iаматаш, гIо-Iаматаш, программаш, кхийолу коьчалш йолуш, болх бан аьтто цкъа а ца хилла нохчийн меттан хьехархойн. Даггара а, хьанал а къахьегар ду вайна дуьсуш дерг. Нохчийн мотт Iалашбар, иза тIекхуьучу чкъурана безийтар, бийцийтар вай массара а системин хьесапехь нисдан дезаш гIуллакх ду. Шу ца хилча йиш яц тхан», – иштта, дог-ойла гIаттош, хаза дара И.Байхановс дина къамел.
Цул сов, министра билгалбаьккхира «UROK-95» интернет-порталан эксперташа юьхьанцарчу классашна лерина методикин Iаматаш кечъеш бина болх а.
Кестта дIаболор болчу кхин а шина проектан: «Йиллина урокаш», «Нохчийн меттан кабинет» балхах дерг а хьахийра.
Умхаев Хьамзата институтан коллективан цIарах баркалла элира институтан хьелаш тодан а, белхахойн дог-ойла гIатто а синайаме дош карийначу Байханов ИсмаьIална.
Болх бан ойла а, хьуьнар а хуьлу иштта куьйгалхой хилча.
З.ЦЕНТОРОЕВА
№5, кхолламан (январь) беттан 21 де, 2020 шо