Германерчу Дрезден гIалахь инарла-майоран даржехь 1834-чу шеран кхолламан (январь) баттахь кхелхина вайн махкахо – Чеченский Александр аьлча а вевзаш волу Алдера нохчи.

Иштта мехала хаам бина Нохчийн Республикин П.Захаровн цIарахчу къоман музейн пресс-службо инстаграмерчу шен агIонехь.
Чеченский Александр нохчийн халкъан дозалла ду, нохчашлахь дуьххьарлера инарла ву. Жима бер долуш, паччахьан эскарша Алдана тIелатарш дича, йийсар вина, совгIатана вала дIавигна вара Шайх Мансуран юьртахо хилла волу кIант.
Паччахьан эпсара подпоручика Раевский Николай Николаевича кхиийра иза, ерриге Россехь а вевзаш волу патриот-инарла.
Чеченский Александра куьйгалла дира гIалагIазкхийн Бугски полкана, цо жигара а, майра а дакъалецира Бородинохь Наполеонна дуьхьал бинчу тIамехь, мостагIий Россин лаьтта тIера лелхийна дIабуьгуш Париже а кхечира иза.
Чеченский Александр кхелхина шен 55 шо долуш, 1834-чу шеран кхолламан (январь) баттахь. Иза кхалхор тIечIагIдеш долу тептар Псков гIаларчу Бежаницки кIоштарчу Кудеверь юьртан Георгиевски килса чохь ду.
Чеченскийн тIаьхьенаш оцу кIоштарчу Савкинехь яьхна. 2012-чу шеран мангалан (июль) беттан 27-чу дийнахь Бежаницы поселкехь Комсомольски урамехь хIоллам схьабиллина А.Чеченскийна.
Дагестан Республикехь бина и хIоллам. Иза бIаьвнан куьцехь бу, 4 метр лекха болуш, шена чохь Александран барельеф (портретан куьцехь сурт) хIоттийна (аьчка-бетонан стела чохь аьгна ду цуьнан сурт).
Суьртана бухахь А.Чеченскийн дашо тур ду диллина, ткъа хIолламан буьххьехь маршонан майраллин геланча – аьрзу ду.
З.ХАНОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 21 де, 2020 шо