Курчалойн кIоштарчу Майртуьпахь тойина схьайиллина лоьрийн амбулатори. Иза схьайоьллучохь дакъалецира Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхочо Кадыров Хьамзата а, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана а.

Даздаран хьолехь, цIен аса а хадош, амбулаторин гIишло схьа а йиллина, кечйинчу чоьнашка хьаьжира и шиъ.
Э.Сулеймановс билгалдаьккхира лоьрийн амбулаторехь Курчалойн кIоштарчу 13 эзар вахархочун хьашташ кхочушдеш хилар а, иза схьаеллар кIоштана хилла ца Iаш, республикин могашаллаIалашъяран хьаьрмина а боккха хилам хилар.
Цо дийцарехь, оцу медицинин учрежденехь кхузаманан хьелаш а кхоьллина, бахархойн медицинин хьашташ кхочушдан оьшуш болу гIирсаш дIа а хIиттийна.
«ХIара лоьрийн амбулатори А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах тойина. ХIара санна йолу амбулатори схьаеллар республикин могашаллаIалашъяр кхиаран цхьа дакъа ду. Цул сов, Россин Федерацин Президента Путин Владимира медико-санитарни гIо дар кхиоран хьокъехь арадаьккхина Указ кхочушдарехь дина кхин цхьа гIуллакх а ду. 2019-гIа шо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана МогашаллаIалашъяран шо аьлла, дIакхайкхийна хиларца доьзна, вайн могашаллаIалашъяр кхиорехь дуккха а гIуллакхаш дина. Курчалойн кIошт, медицина кхиорехь, даима тидамехь а ю, тоьлла а ю. Тхуна оьшуш долу муьлхха а накъосталла, гIо дина тхуна Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхочо Кадыров Хьамзата. Кхузахь хIинца а дIахьош цхьацца белхаш бу. Масала, ян йолийна ю 120 меттигана лерина стационар, ремонт еш ю Гелдаганарчу а, Iаларой-Эвларчу а амбулаторешна» – элира Э.Сулеймановс.
Амбулатори схьаеларца Курчалойн кIоштан бахархой декъалбира Кадыров Хьамзата.
«Баркалла ала лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан Юкъараллин фондан президентана Кадыров Айманина а, Курчалойн кIоштахь, иштта, мехала, амбулатори схьаелларехь гIо-накъосталла дарна», – билгалдаьккхира Хь.Кадыровс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 21 де, 2020 шо