Динарг а, дан дезарг а дийцира

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис кхеташо дIаяьхьира 2020-чу шеран белхан коьрта декхарш билгалдахаран Iалашонца.

Кхеташонехь дийцаре дира нормативни-бакъонийн документаш хIиттор. Церан дикаллах доьзна хир ду къоман «Культура» проектана юкъайогIу федеральни а, регионан а программаш кхочушъярехь дIахьочу белхан эвсаралла а, дикалла а.

2020-чу шарахь культурин учрежденеша бечу белхан нийса мах хадор а царах доьзна хир ду.

«2020-гIа шо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Туризман шо ду аьлла дIакхайкхийна Нохчийчохь. Цундела, коьрта тидам пачхьалкхан а, муниципальни а музейшкахь кхочушбечу балхана тIебахийта безар бу. Музейш мехала, маьIне меттигаш ю туризман маршруташна. Музейн балхана тIехь терго латто езачу министерствон аппаратан отделана тIедиллина республикин музейшкахь болу болх лаккхарчу тIегIане баккхар а, музейшкахь, кхитIе а экспозицеш еш, мохкбовзийтаран Iалашонца йолу проекташ кхочушъяйтар а. Нохчийн къоман культура республикин хьешашна йовзийтарехь маьIне гIуллакх ду иза. ХIора баттахь мониторинг еш, жамI дан дезар ду музейн учрежденийн балхана а», – билгалдаьккхина Дааев Хож-Баудис Инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

Министра дийцарехь, культурин хьаьрмахь массарел коьрта а, мехала а республикин «Синмехаллаш» проект ю. Кегийрхой, тIекхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиорехь йолчу программин коьрта дакъа ду иза.

«Кестта, оха кхаж а тосуш, билгалйохур ю конкурсехь дакъалоцуш хирйолу тобанаш. Республикин проект кхочушъярна жоьпалле болчарна тIедуьллур ду 2020-чу шеран конкурсан номинацийн дакъош билгалдахар», – элира цо.

Кхеташонехь кхин цхьа мехала гIуллакх а къастийра министра. Иза дара Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь Культурин декъехула йолчу кхеташонан тоба карлаяккхар.

«Оцу кхеташонехь нохчийн къоман культура дика евзаш, езаш, культурин хьаьрмахь нислуш йолу проблемаш нийса а, сиха а гучуяха а, дIаяха а хууш, яхь йолу нах оьшур бу», – элира Х-Б.Дааевс.

З.ЭЛЬДАРОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 21 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: