ХьастагIа, социальни «Facebook» сетан агIонехь гинчу цхьана нохчийн зудчун суьртана буха яздинчу дешнаша, вайн нанойн оьздангаллах кхин цкъа а йоккхаеран ойла кхоьллира сан даг чохь. Иштта яра суьрта бухахь йина комментари: «Дукха хан яра хIара сурт кху чу дилла со дагахь волу. Кху суьрта тIехь тхан Наний, сой ду (АллахIа декъалйойла иза).

Сурт 1971-чу шарахь даьккхина ду, сан биъ бутт бу хIокху тӀехь. Со дийца дагахь верг – вайн НАНОЙН ОЬЗДАНГАЛЛА ю.
Дукха нахана хета тарло, хӀара сурт тхан Нанас ларамаза бӀаьргаш тоьхна даьккхина ду аьлла. Дера, иштта ма дац иза. Со ялхолгӀа доьзалхо ву цуьнан. ХӀара сурт, шен доьзалхо каралаьцна, дуьххьара даккхийтина цо. Тхан нана Лулаъ охьахьаьжна ю суьрта тIехь. Дукха хан елира сан, цо шен сурт иштта, лаьтта охьахьаьжна хIунда даккхийтина хатта лууш.
– Нана, хӀун бахьана дара хьо хьайн суртдоккхуш охьахьажар?, – аьлла, ас хаьттича, нанас аьлларг иштта дара.
– «Мардена я марзхойх кхиболчу божаршна со бер карахь гахь, ма эхь ду-кх хӀара», – аьлла, дагатесира суна.
Къоман оьздангалла Нанойн оьздангалло ларъеш хилла даима а…
Хьалха-Мартан кIоштан Iалхан-Юьртара Кадыров Iалихан».
Iаьнарца хилла ца Iаш, леларца а гуш хилла дуьненахь а шатайпа йолу нохчийн нанойн оьздангалла!
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 21 де, 2020 шо