Дешархойн дай-нанойн союзан маьIна лакхадаккха деза

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин «Юкъарчу дешаран учрежденийн дешархойн дай-нанойн Союз» юкъараллин организацин председательца Агаева Яхица.

Цхьаьнакхетарехь хилла къамел дай-наношка шайн берашна нохчийн мотт Iамабайтарх а, иза царна марзбарх а, лакхарчу классийн дешархой нохчийн маттехула йолчу экзаменна кечбарх а дара.

Дешаран а, Iилманан а министерствос Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтаца цхьаьна «Ас дIалур ю ПКЭ». Нохчийн мотт» гIо-Iамат вовшахтоьхна, зорбане яьккхина. Дешархошка экзаменаш дIаяларна, кечамбайта йина ю иза.

Хууш ма-хиллара, министр Байханов ИсмаьIал нохчийн мотт безаш, иза кегийрхошна хаийта а, марзбалийта а дукха гIуллакхаш деш ву.

Цундела ларамаза дацара министра Инстаграмерчу шен агIонехь иштта хаам бар а: «Школийн выпускникашка нохчийн маттехула экзаменаш дIаялийта гIоьнна аьлла, вайн министерствос Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтаца цхьаьна «Ас дIалур ю ПКЭ. Нохчийн мотт» гIо-Iамат зорбане яьккхина. Дешархойн дайнаноша, иштта, пайдехь гIо-Iамат хилар тидаме оьцийла луур дара».

Оцу цхьаьнакхетарехь аьтто хилира 2019-чу шарахь кIошташкарчу дай-нанойн комитеташа хьехархойн коллективашца цхьаьна дешархой кхетош-кхиорехь а, дешаран гIуллакхна гIо дарехь а бинчу балхах лаьцна дийца.

2020-чу шеран кхолламан (январь) беттан 20-гIа де тIекхачале Нохчийн Республикин дешаран ерриге а организацешкахь дай-нанойн гуламаш дIабахьа а, выпускникашна шаьш дIалур йолу экзаменаш харжийта а, дахарехь шаьш хоржуш йолу говзалла билгалйоккхуьйтуш къамел дар а тIедиллира И.Байхановс Дешархойн дай-нанойн союзан председательна.

З.ХИЗИРОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 21 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: