Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана соцсетерчу шен агIонехь хIокху деношкахь хаам ма-барра, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина «Къудсан седа» орденца совгIат дина.

«Палестинин Президент Махьмуд Iаббас шинарин дийнахь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчица, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Iаьрбийн а, бусалбанийн а мехкашкахь волчу векалца Даудов Туркоца. Цхьаьнакхетарехь, иштта, дакъалоцуш вара Палестинин Лаккхара кхиэлахо Махьмуд аль-Хаббаш, Палестинин гражданийн гIуллакхашкахула волу министр Хьусейн аль-Шейх, Палестинин Президентан Нохчийн Республикехь волу векал Авад Заул, кхиболу официальни нах. Палестинин халкъан гIолацаран гIуллакхийн декъехь вай мел дечун лаккхара мах хадийра Махьмуд Iаббаса. Цо баркалла элира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондан президентана Несин Айманина Шемахь болчу палестинхойн мухIажаршна гIо дарна. Махьмуд Iаббаса иштта хаийтира Несин Айманина «Къудсан седа» орденца совгIат дан ша сацам тIеэцна хилар а», – яздина Кадыров Рамзана.
Р.Кадыровс, иштта, билгалдаьккхина Палестинин Президент хIокху шеран бIаьста Нохчийн Республике а веана, и совгIат Кадырова Айманина шен куьйга дIадала дагахь хилар.

«Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондо республикехь а, Россин субъекташкахь а бехачу нахана дина ца Iаш, кхечу мехкашкахь болчу мухIажаршна а гIо до. Дуург-мерг а, тIе а, кога а духург а, иштта, Iер-дахарехь, цIаноярехь оьшург а хуьлуьйту царна фондо. Махьмуд Iаббасе маршаллин уггаре а довха, даггара дешнаш дахьийтина ас. Шеко йоцуш, Палестинехь машар а, низам а хилийтархьама цо дечу гIуллакхийн лаккхара мах хадабо вай. КхидIа а Россин-Палестинин юкъаметтигаш чIагIъярхьама мел далуш дерг дан кийча а ду вай. Со тешна ву Махьмуд Iаббас Нохчийн Республике варо вайн доттагIалла а, вежаралла а чIагIдийриг а, Россин а, Палестинин а цхьаьнагIуллакхашдар кхидIа шордийриг а хиларх», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен агIонехь.
А.ВАХАЕВА
№6, кхолламан (январь) беттан 24 де, 2020 шо