Иорданерчу Парламентан низамехь нохчийн а, Кавказерчу кхидолчу къаьмнийн а кхо векал даима хилла ву. Кавказера кхидолу къаьмнаш нохчел дукха долу дела (оцу къаьмнийн векалш алсам болу дела), тIаьххьалц, нохчи цхьа векал бен хуьлуш вацара. Дисина ши гIант кхечара доккхура. Нохчийн тайпанийн кхеташо хIоьттичахьана дуьйна, нохчаша шайна юкъахь харжамаш бой, ши меттиг йоккху парламентехь.

Хьалха, масала, чергазий дукха хилар бахьанехь, кхуьй а гIант цара доккхуш а нислора. Ткъа хIинца, нохчийн тайпанийн кхеташо хилар бахьанехь, нохчаша вовшашлахь «чуьра» харжамаш а бой, вайчарах цхьаъ а, шиъ а, кхоъ а хьалхавоккху. ТIаккха парламентехь харжамаш хилча, берриге нохчаша царна кхаж тосу.
Кхидолчу къаьмнийн векалш дукха боллушехь (нохчий чергазийн кхоалгIа дакъа хиллал бен бац Иорданехь, уьш кхин а дукха хила а тарло), нохчийн цхьабарт хилар бахьанехь, хIинца хIоразза нохчийн ши векал хьалхавоккху парламенте.
Масийтта шо хьалха и кхеташо – Иорданерчу нохчийн тайпанийн кхиэл – кхолла дагадеана, цу гIуллакхна хьаьдда-ведда лелла, иза йолийнарг а, кхоьллинарг а меттигера нохчи Iабдалла СаIид Хьаддад ву.
2016-чу шарахь тIаьххьара хаьржинчу берхIитталгIачу парламентехь а ши депутат ву нохчи – Шишани Набил Камел а, Бено Тамир а.
2020-чу шеран мехкан бюджет тIеэца сацам бан вовшахтоьхначу парламентан гуламехь нохчийн маттахь къамел долийра Шишанис. Иза цкъа а хилла дацара Иорданин парламентехь.
Шишанис иштта къамел дора вайн маттахь: «Сан хьоме нохчийн вежарий а, йижарий а. Жима а, воккха а. Даймахкахь а, Иорданехь а. Дуьнен тIехь массо меттигехь дIасабаьржинчу нохчашка соьгара доккха салам-маршалла ду. Вайн къоман сий ойуш, вайн нохчийн маттах дозалла деш, вайн маттахь вистхила лии суна хIокху парламентан официал гуламехь. Вайн Дела цхьаъ веш, Элча (сала АллахIу IалайхIи васаллам) бакъ веш, вайна юккъера марзо совйоккхуш лелахь, Дала дикачу некъа тIехь нисдийр ду вай».
Шишани 1957-чу шарахь Иорданерчу Заркъе олучу шахьарахь вина ву. Дешаран планаш, хьехаран кепаш караерзийна, оцу декъехь Iилманийн кандидат хилла, 35 шарахь университеташкахь болх бина ву.
2016-чу шарахь нохчийн цIарах Иорданин парламентан векал хаьржина ву иза. Шишани даима шен нехан бала кхочуш, царна гIо деш, шен дай баьхначу Даймахке сатуьйсуш ваьхна а, вехаш а ву.
«2019-чу шарахь дуьххьара Нохчийчу вахара со. Сайн дай Iийначу юьртахула а, кхийолчу вайн ярташкахула а лийлира со. Цкъа а бицлур бац суна и хаза дагалецамаш», – дуьйцу нохчийн депутата.
Билгалдаккха деза, кхул хьалха Иорданерчу Iедалан даржехь хилла болчу нохчех цхьамма а официал дош аьлла дац.
Дала сий дойла Шишанин а, и санна шен нохчийн къам а, нохчалла а дезаш, айдеш лелаш мел волчун а!
БАКИР I.Хьамийд
№6, кхолламан (январь) беттан 24 де, 2020 шо